Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Довзийтинарг 9:5 - Делан Йозанаш

5 ЦӀазана тӀедиллира, адамаш дайа а ца дойуш, пхеа баттахь цаьрга хала баланаш хьегийтар. Цара хьоьгуьйту баланаш сту лоцучу гезгаша адамашка, шайн юнаш а йиттина, хьоьгуьйту баланех тера дара.

Ver Capítulo Copiar




Довзийтинарг 9:5
12 Referencias Cruzadas  

Сан дас шун коча деза дукъ диллинера, ткъа аса и дукъ кхин а даздийр ду. Сан дас шед еттарца таӀзар дора шуна, ткъа аса, сту лоцучу гезго къовзош санна хетадолуьйтуш, таӀзар дийр ду шуна“».


кегийрхоша шена динчу хьехаре хьаьжжина, РахьбуӀама халкъе элира: «Сан дас шун коча деза дукъ диллинера, ткъа аса и дукъ кхин а даздийр ду. Сан дас шед еттарца таӀзар дора шуна, ткъа аса, сту лоцучу гезго къовзош санна хетадолуьйтуш, таӀзар дийр ду шуна».


Везачу Эло шайтӀане элира: «Дика ду, иза хьан карахь ву, амма цуьнан дахар ахьа кхоо деза».


Амма хьо, адаман кӀант, царах ма кхера. Хьо ишттачу церан къамелах а ма кхера. Кхера ма кхера, хьуна гонах уьш кӀохцалш а, коканан коьллаш а санна белахь а, сту лоцучу гезгашна юкъахь Ӏаш санна хьо хилахь а. Церан къамелех а, царах а ма кхера, уьш духахьарчу тайпанах белахь а.


Цул тӀаьхьа цӀоькъабергах тера долу кхин а цхьа экха гира суна. Цуьнан букъ тӀехь олхазарийн санна биъ тӀам бара. Цу экхан биъ корта а бара, цунна делла олалла а дара.


Ӏийсас жоп делира цуьнга: «Суна тӀехь цхьана а тайпана олалла хир дацара хьан, хьуна иза лакхара делла дацахьара. Ткъа цундела Со хьоьга дӀавеллачунна тӀехь кхин а сов къа ду».


Уьш шайн тоьшалла дина чекхбевлча, бух боцучу Ӏин чуьра хьаладолуш долу экха тасалур ду царах. Цу экхано, толам а баьккхина, и шиъ вуьйр ву.


Кура а, Ӏеса а къамелаш ден бага елира цу экханна. Шовзткъе шина баттахь иштта Ӏан бакъо елира цунна.


Цунна бакъо елира Делан нахаца тӀом бан а, царна тӀехь толам баккха а. Иштта массо а тайпанашна а, халкъашна а, меттанашна а, къаьмнашна а тӀехь олалла дан бакъо елира цунна.


ЦӀазан, сту лоцучу гезгийн санна, цӀогарчий дара, цӀогарчех йохкуш юнаш яра. Пхеа баттахь адамашна зен дан белла ницкъ цу цӀазан цӀоганашкахь бара.


ТӀаккха лаьтта тӀе цу кӀуьра юкъара цӀоз схьаделира. Лаьттара сту лоцучу гезгийн доллу олалла делира цу цӀазана.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios