Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Довзийтинарг 9:21 - Делан Йозанаш

21 И адамаш дӀа ца дирзира нах байаран а, жиналла лелоран а, сийсаза долу хӀума лелоран а, къоланаш даран а некъа тӀера.

Ver Capítulo Copiar




Довзийтинарг 9:21
24 Referencias Cruzadas  

ДӀаӀе айхьа лелочу молханашца а, хьайн дерриге а бозбунчаллашца а, ахь жима йолуш дуьйна лелийна уьш. Цара хьуна гӀо дан а там бу, цара хьан мостагӀий Ӏадо а там бу.


Амма цӀеххьана, цхьана дийнахь, и ший а хӀума хьуна тӀе догӀур ду: хьан майра а, бераш а довр ду. Дерриге а хьан бозбунчаллашка хьаьжна доцуш, Ахь мел лелийначу молханашка хьаьжна доцуш, и хӀуманаш кхоччуш хьуна тӀе догӀур ду.


«Амма шу – тӀедуьйла кхуза, зуда-бозбунчин бераш, нахаца лелачу стеган а, кхахьпанан а хӀу!


Халкъана юкъарчу кхетам болчара, шаьш туьрах а, цӀерах а, йийсарх а, талорех а цхьайолчу ханна бала хьоьгур белахь а, дукхахберш кхетор бу.


«Со шуна гергакхочур ву кхел ян. Аса сихха тоьшалла дийр ду бозбунчашна а, кхечуьнца лелачарна а, харц дуйнаш кхуллучарна а, тӀелаьцначу белхалочунна йогӀу ял дӀалуш боцучарна а, йисинчу зудчунна а, бо берана а гӀело ечарна а, тӀевеанарг дӀатоьттуш болчарна а, Соьга ларамах буьзна боцучарна а дуьхьал», – боху массо а ницкъийн Везачу Эло.


Аса иштта боху шуьга, дерриг а вониг даг чуьра арадолуш долу дела: вон ойланаш, стаг вер, ямартло, нахаца лелар, къола дар, эладита кхоллар, харцдерг дийцар.


Со кхоьру, шу долчу юхавеача, сан Дала шуна хьалха со лахара хетийтарх. Хьалха къинош а летийна, ткъа хӀинца а сийсаза леларх а, хьарамлонаш лелаярх а, меттаза леларх а дӀа ца бирзина болчу дукхахболчарна тӀехь сайн велха дезарх кхоьру со.


цӀушна корта беттар, бозбунчалла леладар, мостагӀалла хилар, девнаш дахар, эмгаралла лелор, оьгӀазъэхар, дагазаллаш хилар, барт ца хилар, декъадалар,


Цо инзаре тамашийна билгалонаш гайтира. Ур-атталла стигалара лаьтта тӀе цӀе а охьайоуьйтура цо адамашна хьалха.


ШолгӀачу экханна бакъо елира цу хьалхарчу экханан суьрта чу са дилла а, къамел дайтархьама а, хӀора оцу экханан суьртана хьалха Ӏибадат цадийриг вен бакъо хилийтархьама а.


Цунна бакъо елира Делан нахаца тӀом бан а, царна тӀехь толам баккха а. Иштта массо а тайпанашна а, халкъашна а, меттанашна а, къаьмнашна а тӀехь олалла дан бакъо елира цунна.


Кхин а цхьа малик цуьнан лорах дӀадахара. Цо бохура: «Ма хӀаллакьхили иза! ХӀаллак а хилла, дӀаели йоккха Бавел-гӀала. Ша сийсаза леларна, Дела дарвеш волу чагӀар малийна цо массо а халкъашна».


Хьан долахь болчеран а, Хьан пайхамарийн а цу наха цӀий Ӏанорна, Ахь цаьрга цӀий малийти. Царна и дан хьакъ а ду».


Лаьттара паччахьаш а сийсаза лелара цуьнца цхьаьна. Лаьттахь бехарш а, цуьнан сийсаза леларан чагӀар а муьйлуш, бехаш бара».


Зудчунна тӀехь таьӀна цӀечу басахь а, цӀарула-цӀечу басахь а духар дара. Деших йина хӀуманаш, деза тӀулгаш, жовхӀарш дара цунна тӀехь. Цуьнан карахь дашо кад бара. И кад вас еш долчу гӀуллакхех а, нахаца леларан боьхачу гӀуллакхех а буьзна бара.


Зудчун хьаьжа тӀе язйина къайлаха маьӀна долу цӀе яра: «Йоккха Бавел-гӀала сийсаза лелачеран а, лаьттарчу вас еш долчу гӀуллакхийн а нана ю», – аьлла.


ХӀунда аьлча ша сийсаза леларна, Дела дарвеш долу чагӀар малийна цо массо а халкъашна. Дуьнен чуьра паччахьаш а сийсазбевли цуьнца цхьаьна. Иштта дуьнен чуьра совдегарш а хьал долуш хилла дӀахӀиттира, цуьнан сов баккхий боьха лаамаш бахьана долуш».


Цуьнан кхелаш билггал бакъ а, нийсо йолуш а ю. Цо кхел йира оцу чӀогӀа сийсаза лелаш йолчунна, оцу йоккхачу гӀалина. Цо шен сийсаза леларца дуьне а бехдинера. Цо Делан ялхой болчеран цӀий Ӏанорна, Дала цунна догӀуш долу таӀзар дира».


Ткъа кӀиллойн а, Ӏийсах тешар доцучеран а, вон болчеран а, адам дийначеран а, сийсаза лелачийн а, бозбунчийн а, харцделанашна Ӏамал еш болчеран а, массо а харцлуьйчеран а дакъа хир ду цӀарах а, саьмгалх а богучу Ӏам чохь. Иза шозлагӀа валар ду».


ГӀалина арахь буьсур бу жӀаьлех тера леларш а, бозбунчаш а, сийсаза леларш а, стаг вийнарш а, цӀушна Ӏамал йийраш а, массо а харцонаш ян а лууш, уьш йийраш.


Ткъа оцу баланех далаза дисина кхидолу адамаш, шайна Ӏибадат дархьама, шаьш куьйга йинчу хӀуманех дӀа ца дирзира. Цара Ӏамал йора жинашна а, деших а, детих а, цӀастанах а, тӀулгах а, дечигах а бинчу цӀушна а, царна хӀумма а ца гушшехь а, уьш ца лелалушшехь а.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios