2 Бух боцучу Ӏинна тӀебоьдучу некъан догӀа цо дӀадаьстича, цу некъа тӀера, йоккхачу пешана чуьра санна, кӀур схьатесира. Оцу баьллачу кӀуьро малх а, хӀаваъ а кхолийра.
Малх чубуьзначул тӀаьхьа чӀогӀа бода хӀоьттира. ЦӀеххьана шена чуьра кӀур хьалаоьху кад а, цӀеран хаьштиг а чекхделира екъначу бежанашна юккъехула.
Лаха, тогӀи чу, хьаьжначу ИбрахӀимна лаьттара хьалабуьйлу буькъа, пешара болуш санна, кӀур гира.
Берриг а Синай-лам кӀуьро дӀалаьцнера, Веза Эла цӀергахь шена тӀе воьссина дела. ЧӀогӀа бегош болчу цу ломах, пешара санна, кӀур хьалаоьхура.
Делха, гӀалин кевнаш! Орца даккха, гӀаланаш! Кхерамах дешна хила, шу массо а пӀелаштамхой! Къилбаседера, кӀур а гӀаттийна, эскар догӀу, цхьа а гӀийланиг вац цу бӀаьна юкъахь.
Ткъа, охьа а воьжна, суждане ца ваханарг, цу сохьта цӀе летта йогучу пеша кхуссур ву».
Царна хьалха латта дегадо, стигал лестайо, малххий, буттий кхулу, седарчаша схьалуш йолу серло а дӀайолу.
И де боданан а, Ӏаржаллин а де ду, мархаш а, дохк а долуш. Лаьмнашкахула дӀасаяьржа буьйса санна, доккха а, нуьцкъала а долу цӀазан эскар тӀедогӀу. Иштта долу эскар азалера дуьйна а хилла дац, ткъа иза абаде тӀеяллалц а хир дац.
Аса тамашийна билгалонаш гойтур ю стигалахь а, лаьттахь а: цӀий, цӀе, кӀуьран бӀогӀамаш.
Аса стигалан Ӏаьрчашкахь а, лаьтта тӀехь а тамашийна хӀуманаш гойтур ду: цӀий, цӀе, кӀуьран мархаш.
Уьш хьийзош йолчу цӀеран кӀур массо а заманахь хьалаоьхур бу. Цу тайпана я дийнахь, я буьйсанна синтем хир бац, оцу экханна а, цуьнан суьртана а Ӏибадат а деш, цуьнан цӀеран мухӀар тӀеэцначийн».
ПхоьалгӀачу малико шен бога экханан олаллин гӀанта тӀе охьаӀанийра. ТӀаккха церан пачхьалкх, Ӏаьржа бода а хӀоьттина, кхоьлира. Адамаша, лазаршна са ца тохадаларна, шайн меттанаш Ӏуьйшура.
ДоьалгӀачу малико а турба лекхира. Цул тӀаьхьа малхан а, беттан а, седарчийн а кхоалгӀа дакъа дӀахьулделира. Цундела церан кхоалгӀа дакъош кхоьлина дӀахӀиттира. Дийнан а, буьйсанан а кхоалгӀа дакъа, серло ца луш а хилла, дӀахӀоьттира.
ПхоьалгӀачу малико а лекхира турба. ТӀаккха стигалара лаьтта охьабоьжна седа гира суна. Цу седанан караделира бух боцучу Ӏинна тӀебоьдучу некъан догӀа.
Бух боцучу Ӏинан малик цу цӀазан паччахь дара. Ӏебархойн маттахь цуьнан цӀе Абаден-малик яра, ткъа грекийн маттахь Аполлиан яра (иза «хӀаллакьхуьлуьйтург» бохург ду).
Иштта сайна дуьхьалхӀоьттинчу суьртехь суна дой гира, тӀехь дошлой а болуш. Царна тӀехь дара цӀарула-цӀечу а, лилула-сийначу а, можачу саьмгалан а басахь долу гӀаьгӀнаш. Дойн кортош лоьмийн коьртех тера дара. Церан багара схьаюьйлура цӀе а, кӀур а, саьмгал а.