13 ЙолхалгӀачу малико а лекхира турба. ТӀаккха Далла хьалха лаьтташ болчу деших бинчу кхерчан еа маӀа чуьра цхьа аз хезира суна.
Къинна дуьхьал даьккхинчу сагӀин цӀий а эцна, шарахь цкъа АхӀарона оцу кхерчан маӀаш тӀе хьакха деза и цӀий, кхерч цӀанбархьама. Шуна тӀаьхьенна гуттаренна а шарахь цкъа кхерч иштта цӀанбан безаш бу. Везачу Элана хьалха уггар беза кхерч бу иза».
Иштта, сийлахь динан коьрта да стигалахь долчу Делан цӀенна тӀехь хӀоттийна ву вайн.
ХӀунда аьлча Дала леррина Къобалвинарг билггала долчу уггар а Дезачух тардеш адамийн куьйгаша динчу Делан цӀа чу ца вахана, ткъа стигала хьалаваьлла, хӀинца вайн дуьхьа Далла хьалха хӀотта.
Далла хьалха лаьтташ долу ворхӀ малик гира суна. Церан кара локхуш йолу ворхӀ турба еллера.
ПхоьалгӀачу малико а лекхира турба. ТӀаккха стигалара лаьтта охьабоьжна седа гира суна. Цу седанан караделира бух боцучу Ӏинна тӀебоьдучу некъан догӀа.