Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Довзийтинарг 9:11 - Делан Йозанаш

11 Бух боцучу Ӏинан малик цу цӀазан паччахь дара. Ӏебархойн маттахь цуьнан цӀе Абаден-малик яра, ткъа грекийн маттахь Аполлиан яра (иза «хӀаллакьхуьлуьйтург» бохург ду).

Ver Capítulo Copiar




Довзийтинарг 9:11
18 Referencias Cruzadas  

Эхарт Далла хьалха дерзина а ду, талхаран меттиган кхалор а яц.


Талхаран меттиго а, Ӏожалло а боху: «Тхан лере цунах хабар бен ца кхаьчна».


Иза массо а хӀаллакдеш йолу цӀе хир яра. Ас къа мел хьегнарг дакъазадоккхур дара.


ХӀордан саьрмик РахӀаб, эшийнарг санна, хьаьшна Ахьа, Хьайн ондачу куьйгаца Хьайн мостагӀий а дӀасабаржийна Ахьа.


Эхартахь а, хӀаллакьхиллачийн дуьненахь а дерг Везачу Элана хууш хилча, адамийн дегнашна чохь дерг а къайлаха дац Цунна.


Цу жинаша дехар дира Ӏийсага, шаьш бух боцучу Ӏинах ма кхийсахьара аьлла.


ХӀинца кху дуьненна кхел хуьлуш ю. Кху дуьненан эла дӀаэккхор ву хӀинца.


Кхин деха дийр дац Ас шуьца къамел, хӀунда аьлча кху дуьненан эла схьавогӀу, ткъа цуьнан Суна тӀехь олалла дац.


Ткъа цу Делан Сино гойтур ду Делан кхелах лаьцна дуьне тиладелла хилар, хӀунда аьлча кху дуьненан элана кхел йина.


Ярушалаймехь УьстагӀийн ков олучу меттехь баьккхина луьйчу цхьа Ӏам бу. Цунах Ӏебархойн маттахь Бет-Хьасда олу. Цу Ӏомана гонах лаьтташ бӀогӀамийн пхи могӀа бара, тӀехула тиллина тхов а болуш.


Шун да иблис ду, ткъа шуна а лаьа шайн ден лаамаш кхочушбан. Иблис юьххьехь дуьйна а адам доьриг ду, иза бакъдолчунна тӀехь ца Ӏийра, шеца бакъдерг доцу дела. Цо харцдерг дуьйцучу хенахь шениг дуьйцу, хӀунда аьлча иза харцдерг дуьйцург а ву, харцдолчун да а ву.


Бакъволчу Делах ца тешачеран хьекъал бӀарздина кху дуьненан харцдала, Делан вастехь волчу Дала леррина Къобалвинчун сийлаллех лаьцна болчу хазачу кхоан серло царна ца гайтархьама.


Цхьана хенахь, и къинош тӀехь а долуш, кху дуьненан вочу некъашна тӀедевлла а, хӀаваан ницкъийн элана тӀаьхьахӀиттина а лелаш ма дара шу. Цу эло хӀинца а муьтӀахь боцучу нехан дегнаш чохь болх бо.


Сан хьоме бераш! Шу Делера ду. Шу тоьлла харцпайхамарел, хӀунда аьлча шуьца Верг нуьцкъала ву кху дуьненахь олалла деш волчул.


Вайна хаьа вай Делан долахь хилар а, дерриге а дуьне иблисан карахь хилар а.


И боккха саьрмик Лаьтта охьатесира. Иза массарна а бевзаш болу шира лаьхьа бара. Цунах иблис а, Делан мостагӀа а олу. Цо дерриг а дуьне Ӏехадо. Цуьнца цхьаьна цуьнан маликаш а лаьтта охьатийсира.


Иштта, и паччахьаш Ӏебархойн маттахь ХӀар-Магдон олучу метте дӀагулбира оцу жинаша.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios