Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Довзийтинарг 8:7 - Делан Йозанаш

7 Хьалхарчу малико турба лекхча, цӀийх дӀаийна йолу къора а, цӀе а Лаьтта охьакхиссира, ткъа царах Лаьттан кхоалгӀачу декъах цӀе елира. Лаьттарчу диттийн кхоалгӀа дакъа а, ерриг а сийна буц а егира.

Ver Capítulo Copiar




Довзийтинарг 8:7
29 Referencias Cruzadas  

Мерибан хиш долчохь адамаша Веза Эла оьгӀазвахийтира, ткъа уьш бахьана долуш, Мусана бохам баьккхира.


ПирӀун волчуьра ара а ваьлла, Везачу Эле куьйгаш кховдийра Мусас. Стигал къекъар а, къора а сецира, лаьтта тӀе оьху догӀа а дӀатийра.


Хьалдолчу Элан чӀогӀа а, онда а цхьа стаг ву. Къора яхьаш догӀу догӀа санна а, хӀаллакдеш болу мох санна а, чӀогӀа хитӀедалар санна а тӀелетар ву иза. Шен ондачу куьйгаца цо и кочар лаьтта охьакхуссур ду.


массо а ницкъийн Везачу Эло стигалан къовкъарца а, лаьттан дегорца а, чӀогӀачу озаца а, дарцаца а, буьрсачу мохаца а, дерриге а дӀакхоллучу цӀерца а гӀо дийр ду хьуна.


Везачу Эло хӀоранна а Шен нуьцкъала аз хозуьйтур ду. Шен оьгӀазаллин ницкъ гойтур бу Цо цӀераш йийларехула а, стигал къекъарехула а, тӀулгаш санна йолу къора тохарехула а, догӀанаш даийтарехула а.


Делахь а, къорано хьун йохор ю, ткъа гӀала ерриг а лахйийр ю.


Ас цунна таӀзар дийр ду уьнца а, цӀийца а. Ас цунна а, цуьнан эскарна а, иштта цуьнца цхьаьна долчу дуккха а къаьмнашна а тӀе массо а хӀума къайладоккхуш долу догӀа доуьйтур ду, къора а тухуьйтур ю, цӀе а, саьмгал а хьажор ду Ас цунна тӀе.


Аса тамашийна билгалонаш гойтур ю стигалахь а, лаьттахь а: цӀий, цӀе, кӀуьран бӀогӀамаш.


Малх хьала а гӀоттий, йовхо йогӀу. Йовхоно буц якъайо, бецан зезаг дужу, хазалла а дӀайолу. Иштта хьалдолу стаг а, шен гӀуллакхаш а деш, дӀаволу.


Исраилхойх бевдда, Байт-Хьорон-лам тӀера эмархой чубевдда боьлхучу хенахь, Везачу Эло стигалара даккхийчу буьртигех йолу къора йиттира царна тӀе, Ӏазекхи уьш дӀакхаччалц. Оцу къоран буьртигаша байинарш алсамо бара, исраилхоша шайн таррашца байиначарал.


ХӀунда аьлча аьлла ду: «ХӀора адам буц санна ду, цуьнан хазалла арарчу зезагийн санна ю. Буц а якъало, зезаг а маргӀалдулу,


Стигалахь долчу седарчийн кхоалгӀа дакъа, шен цӀоганца дӀа а гулдина, лаьтта охьатесира цо. И саьрмик бер дан дезаш йолчу зудчунна хьалха лаьтташ бара, и бер, дуьнен чу ма-делли, дӀакхаллархьама.


Хьалхарчу малико, дахана, шен боган чохь дерг лаьтта тӀе охьадоьттира. ТӀаккха шайна тӀехь экханан мухӀар а долуш, цуьнан суьртана Ӏибадат деш долчу адамашна тӀехь чӀогӀа дера а, ирча а ноткъа оьху даьӀнаш даьржира.


Стигалара охьа адамашна тӀе хӀора буьртиг ши мазал хир йолу къора туьйхира. ТӀаккха адамаша оцу къорано хӀоттийна бала бахьана долуш Далла сардамаш доьхкира, хӀунда аьлча и бала инзаре боккха бара.


Со дӀахьаьжча, сира дин гира суна. Цунна тӀехиъна «Ӏожалла» цӀе йолу бере вара, шена тӀаьхьахӀоьттина эхарт а долуш. Царна бакъо елира Лаьттарчу адамийн доьалгӀа дакъа туьрах а, мацаллех а, цамгарех а далийта а, иштта Лаьттарчу акхарошка уьш даийта а.


Цул тӀаьхьа суна диъ малик гира. И маликаш лаьттан еа а агӀор лаьтташ дара. Цара Лаьттан еа маьӀӀера хьоькху биъ мох дӀалаьцнера, иза я лаьттана тӀе, я хӀордана тӀе, я цхьанна а диттана тӀе ца бахийтархьама.


ТӀаккха и диъ малик дӀахийцира. Адамийн кхоалгӀа дакъа хӀаллакдан сахьтана а, денна а, баттана а, шарна а кечдина долу маликаш дара уьш.


Адамийн кхоалгӀа дакъа хӀаллакьхилира хӀокху кхаа баланан бахьанина: оцу дойн багара схьаюьйлучу цӀерах а, кӀуьрах а, саьмгалх а.


Цхьана а бацана, цхьана а ораматна, цхьана а диттана зен ма делаш, элира цу цӀазе. Ткъа шайн хьаьжнаш тӀе Делан мухӀарш тоьхна доцучу адамашна зен дан могуьйту шуна.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios