Везачу Эло цуьнга элира: «Хьала а гӀаттий, лам тӀе а валий, Веза Эла волчу Суна хьалха дӀахӀотта. ТӀаккха хьуна уллохула тӀехвер ву Со». Оцу хенахь чӀогӀа мох белира Везачу Элана хьалха. Оцу мохо лаьмнаш а дохадора, тархаш а кегйора, амма цу махца Веза Эла вацара. Цул тӀаьхьа мохк бегийра, амма мохк бегорца а Веза Эла вацара.