11 Цу седанан цӀе «сагал-буц» ю. ТӀаккха Лаьттан хийн кхоалгӀа дакъа, сагал-буц а хилла, къахьделира. Дукхахдолу адамаш, и къаьхьа хи мелла дела, делира.
Эххар а Марра цӀе йолчу метте баьхкира уьш. Цигахь царна карийна хи къаьхьа долуш мала ца лора. Цундела тиллинера цу меттиган цӀе Марра (ткъа иза «къахьалла» бохург ду).
амма тӀаьххьара а иштта йолу зуда, сагал-буц санна, къаьхьа хуьлу, шинна а агӀор ирдинчу туьрал а ира хуьлу.
ХӀара боху массо а ницкъийн Везачу Эло оцу пайхамарех лаьцна: «Аса сагал-буц йоуьйтур ю цаьрга, дӀаьвше хи а молуьйтур ду, хӀунда аьлча Ярушалаймера пайхамаршна тӀера массо а лаьтта тӀехь Ӏесалла яьржина».
Цундела Исраилан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: «Аса цу къомана сагал-буц яор ю, цунна дӀаьвше хи а малор ду.
Ж ирга хетачу стиман ӀаӀар а, сагал-бецан къаьхьалла а санна, ю ас сайн баланех а, ваьлла леларх а йо ойланаш.
Б оккха го бира Цо суна, къаьхьаллица а, халонашца а со дӀа а лаьцна.
Нийсонах дӀовш деш долу а, бакъдерг лаьтта кхуссуш долу а, хӀай адамаш!
Говраш тархашна тӀехула евдда лелий те? Стерчашца хӀордана тӀехь охана далур дуй те? Аша-м нийсонах дӀовш а дина, бакъдолчух стим а бина.
Берриге а махкахь иштта хир ду, – боху Везачу Эло, – ши дакъа хӀаллакдина а хир ду, лийр а ду, ткъа кхоалгӀа дакъа дийна дуьсур ду.
И кхоалгӀа дакъа Ас цӀерга тосур ду. Дети лаладаре терра, лалор ду иза, деши цӀандеш ма-хиллара, цӀан а дийр ду. Соьга кхойкхур бу уьш, ткъа Суна хезар бу уьш. Ас эр ду: „Иза Сан халкъ ду“. Цара а эр ду: „Веза Эла – тхан Дела ву!“»
Ма хуьлийла-кх шуна юкъахь стаг я зуда, доьзал я тайпа хӀинца чул тӀаьхьа шайн Везачу Делах дог дӀа а дерзийна, вукху халкъийн деланашна гӀуллакх дан оьхурш. Ма хуьлийла-кх шуна юкъахь и санна долу хӀума кхуьуьйтун болу къаьхьа а, дӀаьвше а орам.
Къаьсттина тидаме хила шайна юкъара цхьаъ Делан диканах дӀа ца къастийта, «къаьхьачу орамех дӀаьвше маргӀал хьала а даьлла, цуьнга дуккха а нахана зен ца дайта».
Стигалахь долчу седарчийн кхоалгӀа дакъа, шен цӀоганца дӀа а гулдина, лаьтта охьатесира цо. И саьрмик бер дан дезаш йолчу зудчунна хьалха лаьтташ бара, и бер, дуьнен чу ма-делли, дӀакхаллархьама.
Хьалхарчу малико турба лекхча, цӀийх дӀаийна йолу къора а, цӀе а Лаьтта охьакхиссира, ткъа царах Лаьттан кхоалгӀачу декъах цӀе елира. Лаьттарчу диттийн кхоалгӀа дакъа а, ерриг а сийна буц а егира.
ТӀаккха и диъ малик дӀахийцира. Адамийн кхоалгӀа дакъа хӀаллакдан сахьтана а, денна а, баттана а, шарна а кечдина долу маликаш дара уьш.
Адамийн кхоалгӀа дакъа хӀаллакьхилира хӀокху кхаа баланан бахьанина: оцу дойн багара схьаюьйлучу цӀерах а, кӀуьрах а, саьмгалх а.
НуӀмата цаьрга элира: «Ма алийша сох НуӀмат („мерзаниг“), алийша сох Марет („къаьхьаниг“). Нуьцкъалчо белла суна хӀара беза бала.