Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Довзийтинарг 8:1 - Делан Йозанаш

1 Ӏахаро ворхӀалгӀа мухӀар тептар тӀера дӀадаьккхича, цхьана эха сахьтехь тийна хилла дӀахӀоьттира стигалахь.

Ver Capítulo Copiar




Довзийтинарг 8:1
14 Referencias Cruzadas  

Иза сецира, амма суна цуьнан сибат ца гора, сан бӀаьргашна хьалха цуьнан амат бен дацара. Лохха мох хьокхуш санна хеттачу суна цуьнан аз хезира:


Сатта а сеттина, охьатаьӀна лела со, дийнахь сарралц гӀайгӀанехь лела со.


ЯхӀуд-махкарчу яьссачу аренгахь ша волуш Дауда аьлла йолу назма.


Ткъа Веза Эла Шен дезачу цӀа чохь ву: дерриг а латта тийна хуьлийла Цуьнан юьхьана хьалха!


ДӀасаца муьлхха а садолу хӀума Везачу Элана хьалха! ХӀунда аьлча Иза Шен дезачу цӀа чуьра араволуш ву.


Цара, дӀа а бахана, къуббанна чу воьду меттиг чӀагӀйина хиларан билгало а йина, цигахь гӀарол дӀахӀоттийра.


ТӀаккха Ӏаршана тӀехь охьахиъна Ӏаш Волчун аьтту куьйгахь хьарчийна тептар гира суна. Цу хьарчийначу тептаран шинна а агӀор йозанаш дара. И тептар, ворхӀ мухӀар а тоьхна, дӀакъевлина дара.


Цара, керла эшар а локхуш, бохура: «Хьакъ долуш ву Хьо, и тептар схьа а эцна, цу тӀера мухӀарш дӀадаха, хӀунда аьлча Хьо вийна вара. ХӀора тайпанашна а, меттанашна а, хӀора халкъана а, къомана а тӀера Делан дуьхьа Хьайн цӀий Ӏанорца адамашна тӀера мах дӀабелира Ахьа.


ТӀаккха суна гира Ӏахаро ворхӀ мухӀарх цхьаъ дӀадоккхуш. Юха суна хезира цу деа дийнатах цхьаммо стигала къекъаш санна долчу озаца олуш: «Схьавола!»


Суна гира Ӏахаро йолхалгӀа мухӀар дӀадоккхуш. ТӀаккха чӀогӀа мохк бегийра. Малх а, Ӏаьржачу тӀергӀан духар тӀедуьйхича санна, кхоьлира. Стигалара бутт а, цӀий санна, цӀийбелира.


Ӏахаро шолгӀа мухӀар дӀадаьккхича, суна хезира шолгӀачу дийнато олуш: «Схьавола!»


Ӏахаро кхоалгӀа мухӀар дӀадаьккхича, суна хезира кхоалгӀачу дийнато олуш: «Схьавола!» Со дӀахьаьжча, суна Ӏаьржа дин гира. Цу тӀехь бере вара, цуьнан карахь терза дара.


ТӀаккха Ӏахаро доьалгӀа мухӀар дӀадаьккхича, суна хезира доьалгӀачу дийнатан озо олуш: «Схьавола!»


Цо пхоьалгӀа мухӀар дӀадаьккхича, сагӀа доккхучу кхерчана бухахь Делан дош кхайкхор бахьанехь а, цара до тоьшаллаш лардар бахьанехь а дайина хилла синош гира суна.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios