7 ШимӀин тӀаьхьенах а – шийтта эзар стагана; Левин тӀаьхьенах а – шийтта эзар стагана; Иссарханан тӀаьхьенах а – шийтта эзар стагана;
Кхин цкъа а доьзалхочух а хилла, кӀант вира Леас. Цо цуьнан цӀе Леви тиллира (иза «цхьаьнакхета» бохург ду). Леас бохура: «ХӀинца сан майра суна уллохь хир ву, ас кхо кӀант ма вина цунна».
Леас элира: «Ас сайн майрачунна ялхо яларна Дала совгӀат дина суна». Цо кӀентан цӀе Иссархан тиллира (иза «совгӀат ду» бохург ду).
Леас бина кӀентий: Якъубан дуьххьарлераниг – Раабан, юха ШимӀа, Леви, ЯхӀуд, Иссархан, Забул.
Цо шен вир кемсийн таьллангах дӀатосур ю, ткъа виран кӀорни – тоьллачу гаьннах. Тоьллачу чагӀар чохь шен бедар яшор ю цо. ЧагӀаран мутта чохь шен духар дуьттур ду цо.
ШимӀа а, Леви а вежарий бу. Шайн таррашца нахана ницкъ бо цара.
Леви бӀе ткъе вуьрхӀитта шарахь вехира. Цуьнан кӀентий бара ГӀиршан, КхахӀат, Мерари.
ШимӀин тӀаьхьенах дӀаязвира, шайн тукхамашка а, доьзалшка а хьаьжжина, хӀораннан цӀе а йоккхуш, ткъа шо а, цул лакхара а хан йолу, эскарехь гӀуллакх дан мегаш волу массо а боьрша стаг.
Маданхойн зудчуьнца вийна волу исраилхо ШимӀин тӀаьхьенах болчу нехан куьйгалхо вара. Салун кӀант Зимари вара иза.
Иштта дара ШимӀин гаранаш. Уьш, багарбича, ткъе ши эзар ши бӀе стаг вара (22200).
ШолгӀа кхаж ШимӀин тайпанна белира. ЯхӀудан тайпанна деллачу лаьттана юккъехь нисделлера церан дакъош.
БоьалгӀа кхаж Иссарханан тайпанах долчу гаранашна белира.
Ашаран тӀаьхьенах а – шийтта эзар стагана; Напталан тӀаьхьенах а – шийтта эзар стагана; Маннашан тӀаьхьенах а – шийтта эзар стагана;
Забулан тӀаьхьенах а – шийтта эзар стагана; Юсупан тӀаьхьенах а – шийтта эзар стагана; Бен-Яманан тӀаьхьенах а – шийтта эзар стагана.
Шайн вежарий болчу ШимӀин тайпане гӀо дийхира ЯхӀудан тайпано: «Тхан вежарий! Кхаж баларна, вайна хӀоранна а латтанаш билгалдаьхна ду. Аша тхуна и латтанаш схьадаха а, цу тӀехь Ӏаш болчу канаӀанхошца тӀом бан а гӀо дахь, оха а шуна гӀо дийр ду шун латтанаш схьадаха». Иштта ШимӀин тайпа а,