5 Иштта, ЯхӀудан тӀаьхьенах волчу шийтта эзар стагана тӀе а мухӀар тоьхна; Раабанан тӀаьхьенах а – шийтта эзар стагана; Гадин тӀаьхьенах а – шийтта эзар стагана;
ЯхӀудан тӀаьхьенан гаранаш иштта дара: Шейлин тӀаьхьенах бевллера шейлахой, Парасах – парасхой, Зерахьах – зерахьахой.
И мухӀар а тоьхна, билгалваьккхинарг маса стаг ву олуш а хезира суна. Уьш исраилхойн массо а тӀаьхьенах волу цхьа бӀе шовзткъе виъ эзар стаг вара.
Ашаран тӀаьхьенах а – шийтта эзар стагана; Напталан тӀаьхьенах а – шийтта эзар стагана; Маннашан тӀаьхьенах а – шийтта эзар стагана;