Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Довзийтинарг 7:4 - Делан Йозанаш

4 И мухӀар а тоьхна, билгалваьккхинарг маса стаг ву олуш а хезира суна. Уьш исраилхойн массо а тӀаьхьенах волу цхьа бӀе шовзткъе виъ эзар стаг вара.

Ver Capítulo Copiar




Довзийтинарг 7:4
17 Referencias Cruzadas  

Цул тӀаьхьа, Ибрам четар кӀелара ара а ваьккхина, элира Цо: «ДӀахьажал стигала, дагардел цигара седарчий, хьайга дагардалахь! Оццул дукха хир ю хьан тӀаьхье».


ТӀулгаш шийтта хила беза Исраилан шийтта кӀентан цӀарах. ХӀора тӀулга тӀехь, мухӀарна тӀехь санна, Исраилан тайпанийн цхьацца цӀе язйина хила еза.


Иштта боху Хьалдолчу Эло: «ХӀорш ду аша Исраилан халкъан шийтта тайпанна шерет санна лун долчу лаьттан дозанаш (ткъа Юсупна ши дакъа кхочур ду).


Исраилан халкъан массо а тайпанех болчу гӀалин белхалоша болх бийр бу цу йисинчу меттехь.


ГӀалин кевнаш исраилхойн тайпанийн цӀераш техкина хир ду. Къилбаседехьа долу кхо ков Раабан а, ЯхӀудан а, Левин а цӀераш йолуш хир ду.


ХӀара хаам Везачу Элера бу: ХӀадрах-махкахь а, Дамасакх-гӀалахь а соцур ву Веза Эла. Исраилан массо а тайпанаш тӀехь санна, Цуьнан бӀаьрг массо а адамашна тӀехь бу.


Ӏийсас цаьрга элира: «Баккъалла а боху Аса шуьга: керла дуьне дӀа а хӀоттийна, Адамийн КӀант Шен сийлахьчу паччахьан гӀанта тӀе охьахуун волчу хенахь, Суна тӀаьхьахӀиттина шу а цигахь хир ду. Исраилан халкъана юкъарчу шийтта тайпанна кхел а еш, шу шийтта паччахьийн гӀанташна тӀе охьаховшур ду.


Юха а веана, ялхочо аьлла: „ХӀусамда! Ахь ма-аллара, дерриг а ас кхочушдина, амма кхин а меттиг ю цӀа чохь“.


Сан Олалла долчохь дууш а, молуш а хир ду шу Сан стоьла тӀехь. Исраилан халкъана юкъарчу шийтта тайпанна кхел а еш, шу паччахьийн гӀанташна тӀе охьаховшор ду Ас».


Цунна сатесна ду тхан халкъан шийтта тайпа, дийнахь а, буса а Далла даггара гӀуллакх а деш. Оцу сатийсамна бехкево со жуьгташа, ва паччахь.


Ткъа ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамаро исраилхойх лаьцна иштта боху: «ХӀордан гӀум санна, дукха исраилхой хиллехь а, царах жима дакъа бен кӀелхьардер дац.


Делан а, Цо леррина къобалвинчу Ӏийса-Элан а лай волчу Якъубера дуьнен чухула дӀасадаьржинчу шийтта тайпане маршалла ду.


Со дӀахьаьжча, суна Цийон-лам тӀехь лаьтташ болу и Ӏахар гира. Цуьнца цхьаьна лаьтташ цхьа бӀе шовзткъе виъ эзар стаг вара. Церан хьаьжнашна тӀехь Цуьнан цӀе а, Цуьнан Ден цӀе а дӀаязйина яра.


Цу нехан тобано стигаларчу Ӏаршана а, деа дийнатна а, къаношна а хьалха керла йиш лоькхура. Ткъа лаьттара, мах а белла, кӀелхьарваьккхинчу, цхьа бӀе шовзткъе виъ эзар стаге бен, кхин цхьаьнгге а и йиш ца Ӏамалора.


Иштта, ЯхӀудан тӀаьхьенах волчу шийтта эзар стагана тӀе а мухӀар тоьхна; Раабанан тӀаьхьенах а – шийтта эзар стагана; Гадин тӀаьхьенах а – шийтта эзар стагана;


Церан дошлойн эскарийн долу терахь хезира суна. Иза ши бӀе миллионан барамехь дара.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios