Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Довзийтинарг 7:10 - Делан Йозанаш

10 Цара айдинчу озаца бохура: «КӀелхьардовлар ду Ӏаршана тӀе хиъна Ӏаш волчу Делера а, Ӏахарера а!»

Ver Capítulo Copiar




Довзийтинарг 7:10
26 Referencias Cruzadas  

Со тешара, Аса аьллехь а: «Со чӀогӀа дог доьхна ву».


ГӀаттахьа, Веза Эла! Ваккхахьа со кӀелхьара, сан Дела! Ахь сан мостагӀийн яххьаш йоха ма йо, зуламе гӀуллакхаш дечеран цергаш ма оту.


Со цхьаъ бен Веза Эла вац, Со цхьаъ бен КӀелхьардохург а вац.


Билггал Ша къайлавоккхуш волу а, Шен халкъ кӀелхьардаьккхина волу а исраилхойн Дела ву Иза.


Схьа а дуьйлий, тоьшаллаш дӀакховдаде. ГӀуллакхах лаьцна вовшех дагадовла. Мила ву дукха хенахь дуьйна хьалха иза аьлларг? Мила ву ширачу заманашкахь хиндерг аьлларг? Со, Веза Эла, вац Иза? Со воцург, кхин дела вац, нийсонан Дела а, КӀелхьардохург а. Кхин цхьа а дела вац.


Баккъалла а, ма эрна хилла-кх сагӀа доккхучу лакхенашкахь а, гунашкахь а оха, цӀушна корта а бетташ, йина гӀовгӀа. Исраилан халкъан кӀелхьардалар баккъалла а тхан Везачу Делера бен дац.


Везачу Эло боху: «Амма Со шун Веза Дела ву, Мисар-махкара шу арадаьхна волу. Со воцчунна, кхин цхьана а далла улло ма гӀерта. Со воцург, шу кӀелхьардохург кхин цхьа а ма вац.


Эрна а, харц а деланаш лоруш берш шаьш даим дезаш волчу Делах дӀакъаьстина.


Ва боккха лам, хьо хӀун ю? Зурбабелана хьалха хьох шера аре хир ма ю! Цо тӀаьххьара тӀулг буьллучу хенахь, наха гӀовгӀа йоккхур ю: ‘Далла бу хастам! Цуьнан дикачун дуьхьа ду иза!’ – бохуш“».


Везачу Эло боху: «ЧӀогӀа хастамаш бе, Цийонан йоӀ! хазахетарца цӀогӀа тоха, Ярушалайман йоӀ! Хьажал, хьан паччахь ву хьо йолчу вогӀуш! Нийса а, толам баьккхина а ву иза. Делахь а цуьнан эсала амал ю Иза вирана тӀехиъна вогӀу, боьршачу вирбокъана тӀехиъна вогӀу!


Массарна а гур ду Дала адамаш кӀелхьардахар!“»


ШолгӀачу дийнахь, шена тӀевогӀу Ӏийса а гина, Яхьъяс элира: «Хьажал, ХӀара Дала, кху дуьненара адамийн къинош тӀе а лаьцна, уьш дӀадахьа баийтина Ӏахар бу.


ТӀехволучу Ӏийсага а хьаьжна, Яхьъяс элира: «ХӀара бу Дала баийтина Ӏахар».


Шуна-м шайна а ма-дарра ца хаьа, шаьш Хьанна Ӏибадат до. Ткъа тхуна хаьа тхаьш Хьанна Ӏибадат до, хӀунда аьлча кӀелхьардовлар жуьгташкара ма ду.


Ӏийсах тешна дела, Делан доккхачу диканца кӀелхьардаьхна шу. Ткъа иза шуьгара дац. Иза Делан совгӀат ду.


ТӀаккха стигалахь чӀогӀа аз хезира суна. Цу озо бохура: «ХӀинца Дала вай кӀелхьардахар а, Цуьнан нуьцкъалалла а, паччахьалла а тӀекхаьчна. Цо леррина Къобалвинчун олалла а тӀедеана! ХӀунда аьлча, дийнаххьий, буьйсанний вайн Далла хьалха вайн динан вежарий бехке а ийзош, уьш бехкебийриг Лаьтта охьатесна.


Цул тӀаьхьа, йоккхачу тобано олуш санна, стигалара чӀогӀа аз хезира суна. Цо бохура: «Далла бу хастам! Вайн Делехь ду кӀелхьардовлар а, сийлалла а, нуьцкъалалла а.


Ӏаршана тӀе хиъна Волчо элира: «ХӀинца Ас массо а хӀума керла кхуллур ду». ТӀаккха Цо элира: «ДӀаязде иза, хӀунда аьлча хӀара дешнаш тешаме а, билггал бакъ а ду».


Шайна неӀалт кхайкхийнчарах кхин хӀумма а хир дац цигахь. Эццахь Делан а, Ӏахаран а Ӏарш хир ду, ткъа Цуьнан ялхой а хир бу Цунна Ӏамал еш.


Цу Ӏаршана хьалха чекх са гучу ангалих тера болу ангалин хӀорд бара. Ткъа Ӏарш лаьттачу меттигна юккъехь а, Ӏаршана гонах а лаьтташ диъ дийнат дара. Хьалха̄ а, тӀехьа̄ а шорта бӀаьргаш дара церан.


Ӏахаро Ӏаршана тӀе хиъна Волчун аьтту куьйгара и тептар схьаийцира.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios