Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Довзийтинарг 7:1 - Делан Йозанаш

1 Цул тӀаьхьа суна диъ малик гира. И маликаш лаьттан еа а агӀор лаьтташ дара. Цара Лаьттан еа маьӀӀера хьоькху биъ мох дӀалаьцнера, иза я лаьттана тӀе, я хӀордана тӀе, я цхьанна а диттана тӀе ца бахийтархьама.

Ver Capítulo Copiar




Довзийтинарг 7:1
23 Referencias Cruzadas  

Везачу Эло кхечу къаьмнех болчу нахана байракх хьалаойур ю, шайн махкара дӀалаьхкина исраилхой схьагулбийр бу, Ша дӀасабаржийна яхӀудхой дуьненан еа а маьӀӀера схьакхойкхур бу.


«Со, Веза Эла, цуьнан хехо ву, Аса шен хеннахь хи туху цунна. Дийнахь а, буса а иза ларйо Аса, цхьаьнгге а цунна зе ца дайта.


Веза Эла, леррина а оьзна, Ахьа таӀзар дира цунна, цуьнца долу гӀуллакх къаста а дина, Ахь иза йийсаре дӀадигийтина. Малхбалера мох хьокхучу дийнахь санна, Ахь иза, Хьайн чӀогӀа хӀо а хьаькхна, дӀаэккхийна.


Ас Ӏейламана тӀе иштта стигалан еа маьӀӀера биъ мох тӀехьажор бу. Иштта массо а меттехула дӀасабаржор бу Ас уьш. Дуьнен чохь цхьа а къам хир дац Ӏейламхой тӀе ца дуссуш.


ТӀаккха Цо соьга элира: «Адаман кӀант, Соьгара болу хаам а беш, дӀаала сине: „Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘Ва са, массо а маьӀӀера хьайн Ӏаь тохий, хӀокху хӀаллакбиначарна чу са даийта, тӀаккха уьш денлур бу’“».


«ХӀинца, адаман кӀант, хӀара бу хьуна Хьалдолу Эла волчу Соьгара Исраил-мехкан халкъана лерина болу хаам: тӀекхаьчна чаккхе. Берриг а мехкан еа а маьӀӀе кхаччалц тӀекхаьчна чаккхе.


Ткъа и паччахь хилла дӀахӀоьттинчул тӀаьхьа, цуьнан пачхьалкх, йоха а йоьхна, дуьненан еа а агӀор екъалур ю. ТӀаккха цуьнан тӀаьхьенийн кара гӀур яц иза. Цуьнан пачхьалкх, екъа а елла, хӀокхарна а доцуш, кхечарна кхочур йолу дела, цу пачхьалкхан, шен хьалха хилларг санна, ницкъ хир бац.


Шен дийцар дӀадолош, цо яздинера: «Буьйсанна сайна дуьхьалхӀоьттинчу суьртехь стигалан еа а маьӀӀера хьоькхучу мохо хӀорд лестош гира суна.


Циггахь бож чӀогӀа кураелира, амма иза чӀагӀъелла дӀахӀоьттича, цуьнан йоккхаха йолу маӀа кагъелира. Цуьнан метта, стигалара мох хьоькхучу еа а агӀор а йирзина, йиъ маӀа тӀеелира.


Амма Дала, хӀорда тӀехь чӀогӀа мох а балийтина, хӀорд ловзабаьккхира. Хинкема дохха доллуш дара.


Ас сайн бӀаьргаш юха а хьалахьажийча, суна хӀара сурт го: шина ломана юккъерачу чӀожа чуьра арайолуш йиъ гӀудалкх ю, ткъа и лаьмнаш – йоьзан лаьмнаш ду.


Малико соьга жоп делира: «Уьш стигалара арабуьйлу биъ мох бу, дерриге а дуьненан Олахочунна хьалха дӀахӀиттинчул тӀаьхьа араболуш болу».


Турбин озаца Ша хаьржинарш дуьненан еъа а маьӀӀера схьагулбан дохуьйтур ду Цо Шен маликаш, стигалийн цхьана йистера вукху йисте кхаччалц».


Оцу хенахь Цо, Шен маликаш а хьажийна, дуьненан еъа а маьӀӀера Шен къастийнарш дӀагулбийр бу лаьттан йистера стигалан йисте кхаччалц».


Уьш дуьне мел ду дӀадахара. Делан долахь болчеран меттаматтана го бира цара – иза Далла езна йолу гӀала ю.


Деа дийнатана юкъара адаман санна долу аз хезира суна: «Цхьана дийнан алапа долччул ахча а луш, кӀен деман цхьа кана я мекхан деман кхо кана схьаоьцу. Зайтдаьтта а, чагӀар а талха ма де!»


«Вайн Далла гӀуллакх деш болчеран хьаьжнаш тӀе мухӀар тоххалц, зулам ма делаш я лаьттана, я хӀордашна, я дитташна».


Хьалхарчу малико турба лекхча, цӀийх дӀаийна йолу къора а, цӀе а Лаьтта охьакхиссира, ткъа царах Лаьттан кхоалгӀачу декъах цӀе елира. Лаьттарчу диттийн кхоалгӀа дакъа а, ерриг а сийна буц а егира.


Цо шен карахь турба йолчу йолхалгӀачу малике бохура: «Доккхачу Эпрат-хина йистехь дӀадихкина долу диъ малик дӀахеца!»


Цхьана а бацана, цхьана а ораматна, цхьана а диттана зен ма делаш, элира цу цӀазе. Ткъа шайн хьаьжнаш тӀе Делан мухӀарш тоьхна доцучу адамашна зен дан могуьйту шуна.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios