Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Довзийтинарг 6:8 - Делан Йозанаш

8 Со дӀахьаьжча, сира дин гира суна. Цунна тӀехиъна «Ӏожалла» цӀе йолу бере вара, шена тӀаьхьахӀоьттина эхарт а долуш. Царна бакъо елира Лаьттарчу адамийн доьалгӀа дакъа туьрах а, мацаллех а, цамгарех а далийта а, иштта Лаьттарчу акхарошка уьш даийта а.

Ver Capítulo Copiar




Довзийтинарг 6:8
26 Referencias Cruzadas  

Иза Ӏожаллин новкъахула йоьду, цуьнан гӀулчаш эхарта кхочу.


Ӏожалла гуттаренна а дӀакхоллур ю Цо. Хьалдолчу Эло массеран а яххьаш тӀера бӀаьрхиш дӀадохур ду. Дерриге а дуьнен тӀехь Шен халкъ емалдар дӀадоккхур ду Цо. Иштта боху Везачу Эло.


Цара марханаш кхабахь а, цара орца даккхаре ладугӀур долуш вац Со. Дийнаташ дагоран я кӀен сагӀанаш цара Суна дахахь а, Аса уьш тӀеоьцур бац. Мелхо а, туьраца, мацаллица, Ӏожаллин уьнца хӀаллакбийр бу Аса уьш».


«Кестта Аса дуккха а чӀерийлецархой хьажор бу цига, – боху Везачу Эло. – Цара и нах схьалоьцур бу. Цул тӀаьхьа Аса иччархой бохуьйтур бу, цаьрга и нах массо а лаьмнашкара а, гунаш тӀера а, тархашна юккъехь йолчу хераллашкара а дӀабахийта.


И нах Ӏожаллин уьнех лийр бу. Церан декъашна воьлхуш цхьа а хир вац, уьш цхьанна а метте дӀа а бухкур бац. Церан декъий лаьтта тӀехь, кхо санна, Ӏохкуш хир ду. И нах мостагӀийн тарраша а, мацалло а хӀаллакбийр бу, ткъа церан декъий олхазарша а, акхароша а дуур ду».


Аса туьраца, мацаллица, Ӏожаллин уьнца хӀаллакбийр бу уьш, церан дайшна деллачу лаьтта тӀехь уьш хӀаллакьхилла дӀабовллалц».


Царах лаьцна массо а ницкъийн Везачу Эло боху: „Аса кестта оцу адамашна тӀе тӀом а, мацалла а, Ӏожаллин ун а хьажор ду, Аса уьш яа мегаш ца хиллал телхина йолу вон инжираш санна бина дӀахӀиттор бу.


Иза, кхуза схьа а веана, Мисар-махкана тӀелетар ву. Ӏожаллина леринарг Ӏожаллина гӀур ву, йийсаре вигийта леринарг йийсаре гӀур ву, ткъа туьро вен леринарг туьра кӀел гӀур ву.


Ас хьо яьссачу аренгахь охьакхуссур бу, хьо а, хьан хиш чуьра берриг а чӀара а. Хьо даьссачу кха тӀе охьабужур бу, цхьаммо а хьуна гӀо а дийр дац. Ас хьо лаьттахь лелачу акхарошний, стигаларчу олхазаршний дӀалур бу, цаьрга баийта.


Хьан бахархойх цхьа дакъа, Ярушалайм-гӀала, Ӏожаллин ун а, мацалла а бахьана долуш лийр ду хьуна чохь, шолгӀа долу дакъа мостагӀийн туьро хӀаллакдийр ду хьуна гонах, ткъа кхоалгӀа долу дакъа Аса массо а маьӀӀе дӀасадаржор ду, церан лорах карахь тарраш долу мостагӀий а бохуьйтур бу.


Эхартан карара Аса уьш паргӀатбохур буй те? Ӏожаллех Аса уьш кӀелхьарбохур буй те? Ӏожалла, мичахь ду хьан уьнаш? Эхарт, мичахь бу хьан бохам? Айса динчунна Со дохковер вац!


Иштта, чагӀаро Ӏехаваре терра, курачу стеган синтем ца хуьлу. Цуьнан сутаралла, эхарт санна, шуьйра ю, Ӏожалла санна, цкъа а Ӏебар вац иза. Цо дерриг а къаьмнаш шена тӀе схьагулдо, массо а халкъаш шена йийсаре схьадаладо“».


кхозлагӀчу гӀудалкхахь кӀайн говраш ю, ткъа йоьалгӀачу гӀудалкхахь сира говраш ю. Уьш ерриш а онда говраш ю.


Ткъа хьо, Къапарнам-гӀала, хьо язйина стигала хьалайоккхур ю моьтту хьуна? Йоккхур яц, жоьжахатин цӀерга кхуссур ю. Седамехь хьуна гина долу Ӏаламаташ хиллехьара, иза хӀара де тӀекхаччалц лаьтташ хир яра.


Халкъана дуьхьал халкъ гӀоттур ду, мохк махкана дуьхьал бер бу. МаьӀ-маьӀӀехь мацалла а хӀуттур ю, мохк а бегор бу.


«Ӏожалла, мичахь бу хьан толам? Мичахь ю, Ӏожалла, хьан ю?»


Со ву дийна Верг. Со велла вара, амма хӀинца Со ерриг а тӀейогӀучу заманна дийна ву. Сан карахь ду Ӏожаллин а, эхартан а догӀанаш.


Стигалахь долчу седарчийн кхоалгӀа дакъа, шен цӀоганца дӀа а гулдина, лаьтта охьатесира цо. И саьрмик бер дан дезаш йолчу зудчунна хьалха лаьтташ бара, и бер, дуьнен чу ма-делли, дӀакхаллархьама.


ТӀаккха и диъ малик дӀахийцира. Адамийн кхоалгӀа дакъа хӀаллакдан сахьтана а, денна а, баттана а, шарна а кечдина долу маликаш дара уьш.


Адамийн кхоалгӀа дакъа хӀаллакьхилира хӀокху кхаа баланан бахьанина: оцу дойн багара схьаюьйлучу цӀерах а, кӀуьрах а, саьмгалх а.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios