Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Довзийтинарг 6:6 - Делан Йозанаш

6 Деа дийнатана юкъара адаман санна долу аз хезира суна: «Цхьана дийнан алапа долччул ахча а луш, кӀен деман цхьа кана я мекхан деман кхо кана схьаоьцу. Зайтдаьтта а, чагӀар а талха ма де!»

Ver Capítulo Copiar




Довзийтинарг 6:6
6 Referencias Cruzadas  

Шен дикалла гайтар Дала дицдина те? ОьгӀазаллица Шен къинхетам дӀачӀаьгӀна те?»


Халкъана дуьхьал халкъ гӀоттур ду, мохк махкана дуьхьал бер бу. МаьӀ-маьӀӀехь мацалла а хӀуттур ю, мохк а бегор бу.


Цу Ӏаршана хьалха чекх са гучу ангалих тера болу ангалин хӀорд бара. Ткъа Ӏарш лаьттачу меттигна юккъехь а, Ӏаршана гонах а лаьтташ диъ дийнат дара. Хьалха̄ а, тӀехьа̄ а шорта бӀаьргаш дара церан.


Цу деъа а дийнатан хӀораннан а гонах ялх-ялх тӀам бара, ткъа царна чуьра схьакъегаш бӀаьргаш бара. Цара, дийнаххьий, буьйсанний, сацам а боцуш, кхойкхура: «Веза ву, веза ву, веза ву Веза Эла, хилла волу а, волуш волу а, вогӀун волу а массо ницкъийн Веза Дела», – бохуш.


«Вайн Далла гӀуллакх деш болчеран хьаьжнаш тӀе мухӀар тоххалц, зулам ма делаш я лаьттана, я хӀордашна, я дитташна».


Цхьана а бацана, цхьана а ораматна, цхьана а диттана зен ма делаш, элира цу цӀазе. Ткъа шайн хьаьжнаш тӀе Делан мухӀарш тоьхна доцучу адамашна зен дан могуьйту шуна.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios