Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Довзийтинарг 6:5 - Делан Йозанаш

5 Ӏахаро кхоалгӀа мухӀар дӀадаьккхича, суна хезира кхоалгӀачу дийнато олуш: «Схьавола!» Со дӀахьаьжча, суна Ӏаьржа дин гира. Цу тӀехь бере вара, цуьнан карахь терза дара.

Ver Capítulo Copiar




Довзийтинарг 6:5
11 Referencias Cruzadas  

Луьра хӀоьттинчу мацаллина, дагар а деана, дӀахӀоьтти тхан чкъор, цӀе санна хилла.


Ахьа хӀора дийнахь юуш йолчу хӀуманан барам ткъа шекхал хила еза. Иза дийнан дохаллехь шен-шен барамехь яа еза.


Цул тӀаьхьа Цо элира: «Адаман кӀант! Ас Ярушалаймехь болу кхача берриг а чекхбаьккхина хуьлуьйтур бу. Шаьш буьстина бууш болу кхача наха кхерамца буур бу. Ткъа шаьш дуьстина молуш долу хи цара шайн доьхначу дагца мер ду,


Дисина напха дӀадоккхур ду Ас шуьгара. Итт зуда хир ю шун бепиг цхьана пешахь доттуш. Оза а узуш, лур ду шуна иза. Аша и бепиг дуур ду, амма шу меца дуьсур ду.


Хьалхарчу гӀудалкхахь расха говраш ю, шолгӀачу гӀудалкхахь Ӏаьржа говраш ю,


Ӏаьржа говраш шайгахь йолу гӀудалкх къилбаседерчу махкахьа арайолуш ю, кӀайн говраш малхбузехьа йовлуш ю, ткъа сира говраш къилбехьа йоьдуш ю.


Халкъана дуьхьал халкъ гӀоттур ду, мохк махкана дуьхьал бер бу. МаьӀ-маьӀӀехь мацалла а хӀуттур ю, мохк а бегор бу.


Оцу къанойх цхьаммо элира соьга: «Ма велха! ХӀара ду ЯхӀудан тайпанах долу Лом: Даудан Орам. Цо толам баьккхина, Цуьнан йиш ю цу тептар тӀера ворхӀ мухӀар дӀадаккха а, иза дӀаделла а».


Цара, керла эшар а локхуш, бохура: «Хьакъ долуш ву Хьо, и тептар схьа а эцна, цу тӀера мухӀарш дӀадаха, хӀунда аьлча Хьо вийна вара. ХӀора тайпанашна а, меттанашна а, хӀора халкъана а, къомана а тӀера Делан дуьхьа Хьайн цӀий Ӏанорца адамашна тӀера мах дӀабелира Ахьа.


ТӀаккха суна гира Ӏахаро ворхӀ мухӀарх цхьаъ дӀадоккхуш. Юха суна хезира цу деа дийнатах цхьаммо стигала къекъаш санна долчу озаца олуш: «Схьавола!»


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios