Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Довзийтинарг 6:4 - Делан Йозанаш

4 ТӀаккха расха болу кхин дин арабелира. Цу тӀе хиъна волчунна бакъо елира Лаьттара машар бохо а, адамашка вовшийн дайийта а. Оцу беречуьнга доккха тур делира.

Ver Capítulo Copiar




Довзийтинарг 6:4
17 Referencias Cruzadas  

Дукха къегаш хиларна, Цунна хьалхара Ӏаьржа мархаш сихха дӀасаевлира, къора а туьйхира, догуш долу кӀегий серла а девлира.


Дала цунна елла йолчу сийлаллех массо а къаьмнийн а, халкъийн а, меттанийн а долу адамаш цунах кхералора, озалора. Шена лиънарг воьра цо, шена лиънарг дийна вуьтура цо. Шена лиънарг вазвора, шена лиънарг кӀезиг хоьтуьйтура.


Буьйсанна хӀара сурт хӀоьттира суна: расхачу динна тӀехиъна Ӏаш волчу беречо боьранехь йолчу коьллашна юкъахь дин сацийнера. Оцу динна тӀехьа кхидолу дой дара – расха а, сира а, кӀайн а беснаш долу.


Хьалхарчу гӀудалкхахь расха говраш ю, шолгӀачу гӀудалкхахь Ӏаьржа говраш ю,


«Ма мотталаш Со машар бахьаш веана дуьнен чу. Со машар бахьаш ца веана, тур дахьаш веана.


ТӀемех лаьцна хезар ду шуна, вовшахлетарех лаьцна хаамаш а хир бу. Шу дохий ма хьовза, хӀунда аьлча иза хила дезаш дерг ду. Амма иза цкъачунна чаккхе яц.


Ӏийсас жоп делира цуьнга: «Суна тӀехь цхьана а тайпана олалла хир дацара хьан, хьуна иза лакхара делла дацахьара. Ткъа цундела Со хьоьга дӀавеллачунна тӀехь кхин а сов къа ду».


Кхин а цхьана билгалонан сурт а хӀоьттира стигалахь. Боккха цӀен саьрмик гучубелира. Цуьнан ворхӀ корта а бара, итт маӀа а яра, хӀора коьрта тӀехь таж а дара.


Адамна йийсар динарг ша а вуьгур ву йийсаре. Туьраца стаг вийнарг ша а лийр ву туьрах. Цу тӀехь оьшу Делан долахь болчарна доьналла а, тешар а.


Делан Са суна тӀе доьссича, цу малико со яьссачу аренга вигира. Цигахь суна зуда гира. Иза цӀечу экханна тӀехиъна яра. Цу экханна тӀехь массанхьа а Дела сийсазвеш йолу цӀераш а яра, цуьнан ворхӀ корта а, итт маӀа а яра.


ТӀаккха суна гира Делан долахь болчеран а, Ӏийсана тешаме хилар бахьанехь байинчеран а цӀийно и зуда яхийна хилар. Иза гича, со чӀогӀа инзарваьллера.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios