Довзийтинарг 6:2 - Делан Йозанаш2 Со дӀахьаьжча, суна кӀайн дин гира. Цу тӀехь, карахь Ӏад а долуш, бере вара. Цуьнга толаман таж делира. ТӀаккха и толам боккхуш верг толам баккха вахара. Ver Capítulo |
Къаьмнаш дарделла дӀахӀиттира, амма хӀинца Хьан оьгӀазло а тӀееана, Ахь беллачарна тӀехь кхел ен хан а тӀекхаьчна. Ахьа Хьайн ялхой болчу пайхамаршна а, Хьан долахь болчарна а, Хьо лоруш болчарна а, лараме боцучарна а, цӀеяхана болчарна а хьакъ дерг дӀало хан а тӀееана. Латта хӀаллакдеш берш хӀаллакбо хан а тӀееана!»