12 Суна гира Ӏахаро йолхалгӀа мухӀар дӀадоккхуш. ТӀаккха чӀогӀа мохк бегийра. Малх а, Ӏаьржачу тӀергӀан духар тӀедуьйхича санна, кхоьлира. Стигалара бутт а, цӀий санна, цӀийбелира.
Бутт а цӀийлур бу, малхана а эхь хетар ду, хӀунда аьлча Везачу Эло Ярушалайм-гӀалахь болчу Цийон-лома тӀера паччахьалла дийр ду. Цуьнан сийлаллин нур баккхийчарна хьалха лепаш хир ду.
массо а ницкъийн Везачу Эло стигалан къовкъарца а, лаьттан дегорца а, чӀогӀачу озаца а, дарцаца а, буьрсачу мохаца а, дерриге а дӀакхоллучу цӀерца а гӀо дийр ду хьуна.
Стигалара дерриг а седарчий телхар ду, стигал а хьаьрчар ю, хьарчийна тептар санна. Седарчийн эскар а, кемсийн таьлланга тӀера чудужу гӀа санна а, инжиран дитта тӀера маргӀалдоьлла гӀа санна а, чудужур ду.
Ас стигалш боданехь дӀахьулйо, сингаттаман духар тӀе а тосий».
Царна хьалха латта дегадо, стигал лестайо, малххий, буттий кхулу, седарчаша схьалуш йолу серло а дӀайолу.
Малх а, бутт а кхоьлина бу. Седарчийн лепар а дӀадайна ду.
ХӀара дешнаш ТакхоӀарчу жаӀуйх цхьаъ волчу Ӏамосан ду. Цунна уьш, Исраилан халкъах хиндолчух лаьцна шена сурт хӀоьттича, хезнера. Иза, яхӀудхойн паччахьо Ӏузи-ЯхӀус а, исраилхойн паччахьо, ЯхӀуашан кӀанта, ЯрбаӀама а паччахьалла дечу хенахь, мохк бегабале, ши шо хьалха дара.
Оцу дийнахь иштта хир ду, – боху сан Хьалдолчу Эло – дийнан делкъехь Ас малх дӀахьулбийр бу, сирла де юккъе дахча, лаьтта тӀе бода боссор бу.
Ацала кхаччалц дӀаяьржина йолчу оцу Сан тогӀенехула дӀадовдур ду шу, яхӀудхойн паччахь хиллачу Ӏузи-ЯхӀун деношкахь мохк бегийча шун дай дӀабевдда ма-хиллара. ТӀаккха сан Веза Дела схьавогӀур ву, Цуьнца цхьаьна массо а маликаш а.
«Декъаза ю-кх хьо, Къераз-гӀала! Декъаза ю-кх хьо, Бет-Саида-гӀала! Шу долчохь хилла долу тамашийна гӀуллакхаш Цора-гӀалахь а, ЦӀадан-гӀалахь а хиллехьара, цигара адамаш, тоххарехь дохко а девлла, шайн дохкодовлар гойтуш йолу бедарш тӀе а юьйхина, овкъарна тӀе охьахевшина хир дара.
«Цу баланийн денош чекх ма девллинехь, малх кхулур бу, батто а серло лур яц, стигалара седарчий а охьаоьгур ду, стигалийн нуьцкъалалла а леста йолалур ю.
Халкъана дуьхьал халкъ гӀоттур ду, мохк махкана дуьхьал бер бу. МаьӀ-маьӀӀехь мацалла а хӀуттур ю, мохк а бегор бу.
Делкъахенахь лаьтта цӀеххьана Ӏаьржа бода боьссира. Дийнахь кхо сахьт даллалц лаьттира иза.
Ӏийса ларвеш хиллачу тӀемалойн хьаькам а, цуьнца цхьаьна хилларш а, шайна латта дегош а, кхин а хилла долу хӀуманаш гича, чӀогӀа кхерабелира. Цара бохура: «Иза бакъонца Делан КӀант хилла!»
Эццахь чӀогӀа мохк бегийра, хӀунда аьлча Везачу Элан малик, стигалара охьа а доьссина, къуббанна дуьхьал биллина болу тӀулг дӀа а карчийна, цунна тӀе охьахиира.
Делкъахенахь лаьтта тӀе цӀеххьана бода беара, кхаа сахьтехь лаьттира иза.
Цу сохьта чӀогӀа мохк бегийра. ГӀалин уьтталгӀа дакъа доьхна дӀадахара. Мохк бегочу хенахь ворхӀ эзар адам делира. Ткъа бисинчара, чӀогӀа кхера а белла, стигаларчу Далла хастамаш бира.
ТӀаккха ткъес туьйхира, стигал къийкъира, гӀовгӀанаш евлира, чӀогӀа мохк бегийра. Адамаш лаьттахь дехаш долчу хенахь дуьйна, цкъа а ца хиллачу кепара чӀогӀа мохк бегийра.
ДоьалгӀачу малико шен боган чохь дерг малхана тӀе охьадоьттира. Ткъа малхан караделира адамаш цӀергахь марцар.
ДоьалгӀачу малико а турба лекхира. Цул тӀаьхьа малхан а, беттан а, седарчийн а кхоалгӀа дакъа дӀахьулделира. Цундела церан кхоалгӀа дакъош кхоьлина дӀахӀиттира. Дийнан а, буьйсанан а кхоалгӀа дакъа, серло ца луш а хилла, дӀахӀоьттира.
Малико и яй, схьа а эцна, дашочу кхерчана тӀера йогуш йолчу цӀеран кӀегийх буьзира. ТӀаккха цо уьш лаьтта охьатийсира. Царах гӀовгӀа а елира, ткъес а туьйхира, стелахаьштигаш а серладийлира, мохк а бегийра.