Довзийтинарг 6:11 - Делан Йозанаш11 ТӀаккха царна хӀоранна а кӀайн духар делира. Цаьрга элира, кхин а кӀеззиг йолчу ханна сатоха аьлла. Иштта хила дезара, цаьрга терра Ӏийсана гӀуллакх деш болчу а, уьш санна байина хин болчу а, динан вежарийн терахь кхочушхиллалц. Ver Capítulo |
Цул тӀаьхьа со дӀахьаьжча, лаьтташ йолу адамийн йоккха тоба гира суна. Адамаш цхьаьнгге а дагар ца даллал дукха дара. Массо а халкъех, тукхамех, къаьмнех, меттанех схьадевллачу адамийн и тоба яра Делан Ӏаршана хьалха а, Ӏахарна хьалха а лаьтташ. Царна тӀехь кӀайн обанаш а яра, церан карахь хурманийн диттийн гаьннаш а дара.