Довзийтинарг 6:10 - Делан Йозанаш10 Уьш айдинчу озаца кхайкхира: «Мел Ӏийр ву те Хьо, Хьалдолу Эла, веза а, тешаме а Верг, Лаьттахь бехаш болчарна кхел ца еш а, тхан цӀий Ӏанорна царна таӀзар ца деш а?» – аьлла. Ver Capítulo |
Къаьмнаш дарделла дӀахӀиттира, амма хӀинца Хьан оьгӀазло а тӀееана, Ахь беллачарна тӀехь кхел ен хан а тӀекхаьчна. Ахьа Хьайн ялхой болчу пайхамаршна а, Хьан долахь болчарна а, Хьо лоруш болчарна а, лараме боцучарна а, цӀеяхана болчарна а хьакъ дерг дӀало хан а тӀееана. Латта хӀаллакдеш берш хӀаллакбо хан а тӀееана!»
Сан да! Сан карахь йолчу хьайн бедаран кийсаке хьажахьа, аса схьахадийна йолчу. И аьтто сайна баьлла боллушехь, аса хьо ца вийра. ХӀинца мукъана а хаахьара хьуна сан дага чохь хьо бахьана долуш я вон хӀума а, я ямартло а йоцийла. Аса хьо бахьана долуш къа ца латийна, ткъа хьо сан синна тӀаьхьаваьлла ву, иза дӀадаккха лууш.