Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Довзийтинарг 5:8 - Делан Йозанаш

8 ТӀаккха, Цо и тептар караэцча, диъ дийнат а, ткъе виъ къано а Ӏахарна хьалха охьавуьйжира. Цаьргахь хӀорангахь а мерз-пондарш а, дашо боганаш а дара. И боганаш хаза хьожа йогӀучу хӀуманах дуьзна дара. Боганаш чохь дерш Делан долахь болчеран доӀанаш дара.

Ver Capítulo Copiar




Довзийтинарг 5:8
27 Referencias Cruzadas  

Сайн латкъам ас Цуьнга балхабо, Сайн гӀайгӀа ас Цунна йовзуьйту.


Хастамаш бе Цунна турбин озаца, хастамаш бе Цунна тайп-тайпанчу мерз-пондаршца.


В еза Эла декъалво ас муьлххачу а хенахь. Цунна хастам а бу сан багахь массо а хенахь.


Цара и латта шайн туьраца а ца даьккхира, шайн ницкъаца а ца даьккхира. Хьан нуьцкъалчу аьтту куьйгаца а, Хьан юьхь тӀера лепачу нуьраца а даьккхира цара и латта, Хьо царна реза хиларна.


«Мел лелар ду те шу, харцкхелаш еш? Мел лелар ду те шу, Ӏесачарна озабезам а беш?


Иштта итт шекхал барамехь узуш болу дашо цхьа кад беанера, хаза хьожа йогӀу сегӀаз чохь а долуш.


ШолгӀачу дийнахь, шена тӀевогӀу Ӏийса а гина, Яхьъяс элира: «Хьажал, ХӀара Дала, кху дуьненара адамийн къинош тӀе а лаьцна, уьш дӀадахьа баийтина Ӏахар бу.


массаьрга а, Да лоручу тайпана, КӀант а ларийтархьама. ХӀунда аьлча КӀант ца лоручо Иза ваийтина волу Да а ца лору.


Шен дуьххьарлера Доьзалхо дуьнен чу воккхуш, Дала элира: «Делан массо а маликаш Цунна хьалха охьатаьӀийла».


Бийначу Ӏахаран карахь долчу дахаран тептар тӀе шайн цӀераш дуьне кхуллуш дуьйна а дӀаяздина доцу массо а адамаш цу экханна Ӏамал еш хир ду.


ТӀаккха цӀерах дӀаийна долчу ангалин болуш санна, хӀорд гира суна. Ткъа оцу экханна а, цуьнан суьртана а тӀехь – шен цӀеран терахь долчу цхьанна тӀехь – толам баьккхинарш цу ангалин хӀордана йистехь лаьтташ бара. Церан карахь Дала делла мерз-пондарш дара.


Цул тӀаьхьа деа дийнатах цхьаммо оцу маликийн кара ворхӀ дашо бога делира. Ерриг а тӀейогӀучу заманна а вехаш волчу Делан дераллех дуьзна дара и боганаш.


ТӀаккха ткъе виъ къано а, диъ дийнат а Ӏаршана тӀехиъна Ӏаш волчу Далла хьалха суждане дахара. Цара бохура: «Амин! Хастам бу Далла!»


и ткъе виъ къано Ӏаршана тӀехь хиъна Волчунна хьалха охьа а вужий, ерриг а тӀейогӀучу заманна вехаш Волчунна суждане воьду. Цара, шайн таьжнаш Ӏаршана хьалха охьа а дохкуш, олу:


Ӏаршана гобаьккхина кхин а ткъе диъ паччахьан гӀант дара. Царна тӀе хиъна ткъе виъ къано вара. Къаношна тӀехь кӀайн духар дара. Церан кортош тӀе диллина дашо таьжнаш дара.


Цу Ӏаршана хьалха чекх са гучу ангалих тера болу ангалин хӀорд бара. Ткъа Ӏарш лаьттачу меттигна юккъехь а, Ӏаршана гонах а лаьтташ диъ дийнат дара. Хьалха̄ а, тӀехьа̄ а шорта бӀаьргаш дара церан.


Цу деъа а дийнатан хӀораннан а гонах ялх-ялх тӀам бара, ткъа царна чуьра схьакъегаш бӀаьргаш бара. Цара, дийнаххьий, буьйсанний, сацам а боцуш, кхойкхура: «Веза ву, веза ву, веза ву Веза Эла, хилла волу а, волуш волу а, вогӀун волу а массо ницкъийн Веза Дела», – бохуш.


Суна дуккха а маликаш гира, церан аьзнаш а хезира. Уьш Ӏаршана а, цигахь долчу дийнаташна а, къаношна а гонах дара. Дагарлур доцуш, эзарнашкахь дукха дара и маликаш – эзарзза эзарнаш.


Цара, аз чӀагӀ а деш, олура: «Бийна болу Ӏахар хьакъ долуш бу нуьцкъалалла а, хьал а, хьекъалалла а, чӀагӀо а, ларам а, сийлалла а, хастам а дӀаэца».


Ткъа цу деъа а дийнато олура: «Амин». Къаной, охьа а эгна, суждане бахара.


ТӀаккха со дӀахьаьжча, суна гира и Ӏарш лаьттачу меттигна юккъехь, цу дийнаташна а, къаношна а юккъехь лаьтташ болу Ӏахар. Иза, сагӀина лерина бийна болуш санна, бара. Цуьнан ворхӀ маӀа а, ворхӀ бӀаьрг а бара. Дерриг а лаьтта тӀедахийтина долу Делан ворхӀ Са дара уьш.


ТӀаккха суна гира Ӏахаро ворхӀ мухӀарх цхьаъ дӀадоккхуш. Юха суна хезира цу деа дийнатах цхьаммо стигала къекъаш санна долчу озаца олуш: «Схьавола!»


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios