Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Довзийтинарг 5:6 - Делан Йозанаш

6 ТӀаккха со дӀахьаьжча, суна гира и Ӏарш лаьттачу меттигна юккъехь, цу дийнаташна а, къаношна а юккъехь лаьтташ болу Ӏахар. Иза, сагӀина лерина бийна болуш санна, бара. Цуьнан ворхӀ маӀа а, ворхӀ бӀаьрг а бара. Дерриг а лаьтта тӀедахийтина долу Делан ворхӀ Са дара уьш.

Ver Capítulo Copiar




Довзийтинарг 5:6
35 Referencias Cruzadas  

ХӀунда аьлча Везачу Элан бӀаьргаша дерриге а латта дӀалоцу, Шех дог тешна Ӏаш болчарна гӀо дархьама. Ахьа ойла ца еш хӀума дина хӀинца. И бахьана долуш хӀинца дуьйна тӀемаш бан дезар ду хьан».


Олалла а, сийлалла а, паччахьалла а делира цунна. Массо а къаьмнийн а, халкъийн а, меттанийн а болчу наха цунна Ӏибадат дира. Цуьнан олалла хедар доцу олалла ду. Цуьнан пачхьалкх цкъа а юхур яц».


БӀаьргаш хьалахьажийча, суна хӀара сурт гира: хин йистехь лаьтташ цхьа ка бара, цуьнан ши маӀа яра. Ший а маӀа йоккха яра, амма цхьа маӀа вукхул йоккхо а яра, и йоккха маӀа тӀаьхьа хьалаяьлла а яра.


Везачу Эло боху: «Цийонан йоӀ, хьалагӀатта, ялта ара! ХӀунда аьлча Ас, аьчка маӀаш а, цӀестан бергаш а йолу сту санна, онда хуьлуьйтур ю хьо. Ахьа дукха халкъаш хӀаллакдийр ду. Ахь цара нахера дӀадаьккхинарг а, церан хьал а дерриге а дуьненан Олахо волчу Везачу Элана дӀалур ду».


Цуьнан лепар малхан серло санна ду. Ницкъ къайлабаьлла болчу Цуьнан куьйгах зӀаьнарш юьйлу.


Хьажал, Ас ЮшаӀана хьалха охьабиллина хӀара беза тӀулг, шена тӀехь ворхӀ агӀо йолу! Ас-Айса, тӀулг хадош, цу тӀехь йоза яздийр ду, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. – Ткъа цхьана дийнан муьрехь дӀадоккхур ду Ас хӀокху лаьттан къа.


КӀеззиг болх бен ца болийна де хьанна дегаза хетар ду те? Зурбабелан карахь санисбийриг шайна гича, нах самукъадаьлла хир бу. Ткъа хӀокху ворхӀ чиркхах лаьцна аьлча, уьш Везачу Элан бӀаьргаш бу, массо а лаьттахула хьоьжуш болу».


Дагоран сагӀина лерина цхьа старгӀа, цхьа ка, шаре баьлла цхьа Ӏахар а беанера.


Дагоран сагӀина лерина цхьа старгӀа, цхьа ка, шаре баьлла цхьа Ӏахар беанера.


Шен ялхочун Даудан тӀаьхьенах волу нуьцкъала стаг ваийтина Цо вай кӀелхьардаха,


ШолгӀачу дийнахь, шена тӀевогӀу Ӏийса а гина, Яхьъяс элира: «Хьажал, ХӀара Дала, кху дуьненара адамийн къинош тӀе а лаьцна, уьш дӀадахьа баийтина Ӏахар бу.


ТӀехволучу Ӏийсага а хьаьжна, Яхьъяс элира: «ХӀара бу Дала баийтина Ӏахар».


Жайни тӀехь цо доьшу дешнаш хӀорш дара: «Урс хьакха буьгу уьстагӀ санна, дӀавуьгуш вара Иза, ша лоргучунна хьалха, Ӏахар санна, шена чуьра Ӏаь ца йолуьйтуш, тийна Ӏара Иза.


Векал волчу Яхьъяс Асиа-махкарчу динан ворхӀ тобане яздо: Делан дика а, синпаргӀато а хуьлийла шуна даим волуш волчу а, хилла волчу а, вогӀун волчу Делера а, иштта Цуьнан Ӏаршана хьалха лаьтташ долчу ворхӀ синера а,


Вайн динан вежарша Ӏахаран цӀийца а, шайн тоьшаллин дашца а иза эшийна. Шаьш делла дӀадовллалц шайн са а ца кхоийна цара.


Бийначу Ӏахаран карахь долчу дахаран тептар тӀе шайн цӀераш дуьне кхуллуш дуьйна а дӀаяздина доцу массо а адамаш цу экханна Ӏамал еш хир ду.


Со дӀахьаьжча, суна Цийон-лам тӀехь лаьтташ болу и Ӏахар гира. Цуьнца цхьаьна лаьтташ цхьа бӀе шовзткъе виъ эзар стаг вара. Церан хьаьжнашна тӀехь Цуьнан цӀе а, Цуьнан Ден цӀе а дӀаязйина яра.


Цара Ӏахарца тӀом бийр бу. Ткъа Ӏахаро царна тӀехь толам боккхур бу, хӀунда аьлча Иза ву олахойн Олахо а, паччахьийн Паччахь а. Ткъа Цуьнца берш бу Цо кхайкхинарш а, къастийнарш а, тешаме берш а».


Цу гӀалахь Делан цӀа ца гира суна, хӀунда аьлча Далла Ӏибадат дечу цӀийнан метта массо а ницкъийн Веза Дела а, Ӏахар а Шаьш бу цу гӀалахь.


Оцу гӀалина иза серлаялийтархьама я малх, я бутт ца оьшу, хӀунда аьлча Делан сийлаллин нуьро серлайоккху иза. Ӏахар а цуьнан къуьда бу.


ТӀаккха малико суна гайтира шена чохь дахаран хи долу шовда. ЦӀеначу ангалих тера цӀена хи дара иза. Делан а, Ӏахаран а Ӏаршера схьадолура и шовда.


Шайна неӀалт кхайкхийнчарах кхин хӀумма а хир дац цигахь. Эццахь Делан а, Ӏахаран а Ӏарш хир ду, ткъа Цуьнан ялхой а хир бу Цунна Ӏамал еш.


Цу деъа а дийнатан хӀораннан а гонах ялх-ялх тӀам бара, ткъа царна чуьра схьакъегаш бӀаьргаш бара. Цара, дийнаххьий, буьйсанний, сацам а боцуш, кхойкхура: «Веза ву, веза ву, веза ву Веза Эла, хилла волу а, волуш волу а, вогӀун волу а массо ницкъийн Веза Дела», – бохуш.


Суна дуккха а маликаш гира, церан аьзнаш а хезира. Уьш Ӏаршана а, цигахь долчу дийнаташна а, къаношна а гонах дара. Дагарлур доцуш, эзарнашкахь дукха дара и маликаш – эзарзза эзарнаш.


Цара, аз чӀагӀ а деш, олура: «Бийна болу Ӏахар хьакъ долуш бу нуьцкъалалла а, хьал а, хьекъалалла а, чӀагӀо а, ларам а, сийлалла а, хастам а дӀаэца».


Стигалахь а, лаьттахь а, лаьттана бухахь а, хӀорда тӀехь а Дала кхоьллинчу хӀора хӀумано а – царна чохь долчу массо хӀумано а – олуш хезира суна: «Хастам, ларам, сийлалла, олалла ерриг а тӀейогӀучу заманна хуьлийла Ӏаршана тӀехь хиъна Волчун а, Ӏахаран а».


Ткъа цу деъа а дийнато олура: «Амин». Къаной, охьа а эгна, суждане бахара.


Цара лаьмнашка а, тархашка а бохура: «Тхуна тӀе а эгий, дӀахьулдейша тхо Ӏарша тӀехь хиъна Волчунна гарх а, Ӏахаран таӀзарх а.


Шена дуьхьалваьлларг Везачу Эло дуьнен чуьра войу, стигалара схьа царна оьгӀазло а еш. Делан кхел дуьненан массо а маьӀӀе кхочур ю. Ша хаьржинчу паччахье Цо олалла а лур ду, Ша къобалвинчуьнца болу ларам лакха а боккхур бу».


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios