4 И тептар дӀа а диллина, иза деша а, я цу тӀе хьажа а цхьа а хьакъ цахиларна, со дуккха а вилхира.
Цул тӀаьхьа со хьалахьаьжира. Стигалахь дӀаеллаелла неӀ гира суна. Хьалха а хезна долу, турбана чуьра арадолуш санна долу, аз хезира суна. Цу озо соьга бохура: «Хьалавала кхуза, кхул тӀаьхьа хила дезарг гойтур ду Ас хьуна».
Стигалахь, лаьттахь, я лаьтта бухахь цхьаннан а йиш яцара и тептар дӀаделла а, я цу тӀе хьажа а.
Оцу къанойх цхьаммо элира соьга: «Ма велха! ХӀара ду ЯхӀудан тайпанах долу Лом: Даудан Орам. Цо толам баьккхина, Цуьнан йиш ю цу тептар тӀера ворхӀ мухӀар дӀадаккха а, иза дӀаделла а».