1 ТӀаккха Ӏаршана тӀехь охьахиъна Ӏаш Волчун аьтту куьйгахь хьарчийна тептар гира суна. Цу хьарчийначу тептаран шинна а агӀор йозанаш дара. И тептар, ворхӀ мухӀар а тоьхна, дӀакъевлина дара.
Делера болу муьлхха а хаам шуна мухӀар тоьхна тептар санна хир бу. Оцу тайпанара тептар деша хуучуьнга дӀа а лой, олу: «Деша иза», амма цо жоп ло: «Ца дешало соьга, хӀунда аьлча и тептар мухӀар тоьхна ду».
Везачу Элан тептар тӀехь схьа а лахий, дӀадеша: оцу акхаройх цхьа а цигахь йоцуш хир яц, ткъа цхьа а стен дийнат боьршаниг доцуш хир дац, хӀунда аьлча Цо Ша омра дина, Цуьнан Сино схьагулдийр ду уьш цхьаьна.
ХӀара тоьшаллин тептар, дӀа а хьарчадай, дӀадехка. ХӀара хьехаман тептар мухӀарца дӀа а къовла. Сан мурдаша иза лардойла.
Суьйренех а, Ӏуьйренех а лаьцна хьуна гинарг – иза билггал бакъ ду, ткъа ахьа и хьайна гина сурт къайладаккхий дита, иза кестта хиндолчух лаьцна доцу дела».
Ас сайн бӀаьргаш юха а хьалахьажийра: стигалахь лелаш схьадаржийна тептар дара.
Ткъа цуьнан карахь дӀаделладелла долу хьарчийна жима тептар дара. Цу малико шен аьтту ког хӀорда тӀе биллира, аьрру ког лаьтта тӀе биллира.
Цу охьахиъна Волчун юьхьсибат, «яспис», «сардис» цӀе йолу деза тӀулгаш санна, можачу а, цӀечу а басахь лепара. Цуьнан гӀантана гонах, «изумруд» цӀе йолу тӀулг санна, лепаш стелаӀад дара.
Цу дийнаташа Ӏаршана тӀе хиъна волчу, ерриг а тӀейогӀучу заманна а вехаш Волчун сийдеш, Иза ваз а веш, баркаллаш мосазза олу а,
Стигалахь а, лаьттахь а, лаьттана бухахь а, хӀорда тӀехь а Дала кхоьллинчу хӀора хӀумано а – царна чохь долчу массо хӀумано а – олуш хезира суна: «Хастам, ларам, сийлалла, олалла ерриг а тӀейогӀучу заманна хуьлийла Ӏаршана тӀехь хиъна Волчун а, Ӏахаран а».
Ӏахаро Ӏаршана тӀе хиъна Волчун аьтту куьйгара и тептар схьаийцира.
ТӀаккха суна гира Ӏахаро ворхӀ мухӀарх цхьаъ дӀадоккхуш. Юха суна хезира цу деа дийнатах цхьаммо стигала къекъаш санна долчу озаца олуш: «Схьавола!»
Цара лаьмнашка а, тархашка а бохура: «Тхуна тӀе а эгий, дӀахьулдейша тхо Ӏарша тӀехь хиъна Волчунна гарх а, Ӏахаран таӀзарх а.
Ӏахаро ворхӀалгӀа мухӀар тептар тӀера дӀадаьккхича, цхьана эха сахьтехь тийна хилла дӀахӀоьттира стигалахь.