Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Довзийтинарг 4:8 - Делан Йозанаш

8 Цу деъа а дийнатан хӀораннан а гонах ялх-ялх тӀам бара, ткъа царна чуьра схьакъегаш бӀаьргаш бара. Цара, дийнаххьий, буьйсанний, сацам а боцуш, кхойкхура: «Веза ву, веза ву, веза ву Веза Эла, хилла волу а, волуш волу а, вогӀун волу а массо ницкъийн Веза Дела», – бохуш.

Ver Capítulo Copiar




Довзийтинарг 4:8
42 Referencias Cruzadas  

Ибраман дезткъе ткъайоьсна шо дара, Везачу Эло, хьалха а хӀоьттина, цуьнга аьлча: «Со Нуьцкъала Дела ву, Суна Ӏамал а е, хьанал ваха,


Далла леринчу шоьтан дийнахь локху назма.


Веза Эла, Хьоьга кхочуш мила ву деланашна юкъахь? Хьо санна Шен возаллица а, хастам хилла а, инзаре хӀуманаш кхуллург а мила ву?


Дала Мусага элира: «Со „Со Верг“ ву. Иштта дӀаала исраилхошка: „Ша Волуш Волчо ваийтина со шуна тӀе“».


Делха, герга ду Везачу Эло кхел ен де. Цу дийнахь Нуьцкъалчо дерриг а хӀаллакдеш болу ницкъ гойтур бу.


Цийонан дуьхьа дӀасоцур вац со, Ярушалайман дуьхьа тийна Ӏийр вац, цуьнан нийсо, Ӏуьйренан серло санна, гӀатталц, цуьнан кӀелхьаръялар, хаьштиг санна, серлаяллалц.


Ткъа цу чкъургийн гонаш инзаре лекха дара – уьш массо а бӀаьргех дуьззина дара.


Дарцана юкъахь диъ дийнат санна хӀума яра. ДӀахьаьжча, церан кеп адамийн сибатах тера яра.


Делахь а цу хӀораннан а йиъ юьхь а яра, биъ тӀам а бара.


Церан дерриг а дегӀ – букъ а, куьйгаш а, тӀемаш а, иштта йиъ чкъург а – бӀаьргех дуьззина дара.


ЭхӀ, ма де ду-кх иза! ХӀунда аьлча герга ду Везачу Эло кхел ен де. Цу дийнахь Нуьцкъалчо дерриг хӀума а хӀаллакдеш болу ницкъ гойтур бу.


Цундела сема хила. Шайна аса кхаа шарахь дийнахь а, буса а хӀоранга а бӀаьрхица дӀахьедина хилар дагахь латтаде.


«Со шун Да хир ву, ткъа шу Сан кӀентий а, йоӀарий а хир ду, – боху массо а ницкъийн Везачу Дала».


ХӀунда аьлча, динан вежарий, шуна дагадогӀу-кх шу долчохь оха хаза кхаъ кхайкхочу хенахь, тхайх шуна бала ца бархьама, буьйсанна а, дийнахь а оха хьегна къа а, тхуна хилла ницкъ а.


Хьайн лелар а, айхьа беш болу хьехамаш а ларбе. ХӀара ас аьлла долу гӀуллакхаш даим а де, хӀунда аьлча уьш дарца ахьа хьо а кӀелхьарвоккхур ву, хьайга ладоьгӀуш берш а кӀелхьарбохур бу.


дӀакхайкхаде Делан дош. Хьайна бегӀийла долчу а, доцучу а хенахь и дош дӀакхайкхо кийча хила. Доллучу собарца а, хьехамашца а адамийн гӀалаташ нисде, уьш галдевлча, дӀахаийта царна, уьш иракарахӀиттаде.


Дала леррина къобалвина Ӏийса селхана а, тахана а, массо а хенахь а Ша Верг ву.


Векал волчу Яхьъяс Асиа-махкарчу динан ворхӀ тобане яздо: Делан дика а, синпаргӀато а хуьлийла шуна даим волуш волчу а, хилла волчу а, вогӀун волчу Делера а, иштта Цуьнан Ӏаршана хьалха лаьтташ долчу ворхӀ синера а,


«Со ву массо а хӀума Долийнарг а, чекхдоккху Верг а, – боху Везачу Дала. – Со ву волуш волу а, хилла волу а, вогӀун волу а Нуьцкъалниг».


Цара бохура: «Ва массо а ницкъийн Веза Дела, Хьуна бу хастам, волуш волу а, хилла волу а Веза Эла, Ахьа, Хьайн доккха олалла тӀе а лаьцна, паччахьалла дан доладарна.


Уьш хьийзош йолчу цӀеран кӀур массо а заманахь хьалаоьхур бу. Цу тайпана я дийнахь, я буьйсанна синтем хир бац, оцу экханна а, цуьнан суьртана а Ӏибадат а деш, цуьнан цӀеран мухӀар тӀеэцначийн».


Цу нехан тобано стигаларчу Ӏаршана а, деа дийнатна а, къаношна а хьалха керла йиш лоькхура. Ткъа лаьттара, мах а белла, кӀелхьарваьккхинчу, цхьа бӀе шовзткъе виъ эзар стаге бен, кхин цхьаьнгге а и йиш ца Ӏамалора.


Цара Далла гӀуллакх деш хиллачу Муса-пайхамаран а, Ӏахаран а илли олура: «Даккхий а, инзаре а ду Хьан гӀуллакхаш, массо а ницкъийн Веза Дела! Нийса а, билггал бакъ а ду Хьан некъаш, дуьненан къаьмнийн Паччахь!


Цул тӀаьхьа деа дийнатах цхьаммо оцу маликийн кара ворхӀ дашо бога делира. Ерриг а тӀейогӀучу заманна а вехаш волчу Делан дераллех дуьзна дара и боганаш.


Уьш жинийн синош дара. Цара тамашийна хӀуманаш дора. И жинаш дерриг а дуьнен чуьра паччахьашна тӀе дахара, массо а ницкъийн Делан сийлахьчу дийнахь уьш тӀаме схьагулбархьама.


СагӀа доккхучу кхерчана уллора а аз хезира суна. Цо бохура: «ХӀаъ, массо а ницкъийн Веза Дела, билггал бакъ а, нийса а ю Хьан кхелаш».


Цуьнан багара ира тур схьадолура, халкъашна тӀехь толам баккхархьама. Аьчка гӀожаца Цо олалла дийр ду царна тӀехь. Массо а ницкъийн Делан оьгӀазечу дераллин муттдоккхургана чохь Цо кемсаш хьоьшур ю.


ТӀаккха ткъе виъ къано а, диъ дийнат а Ӏаршана тӀехиъна Ӏаш волчу Далла хьалха суждане дахара. Цара бохура: «Амин! Хастам бу Далла!»


Цу гӀалахь Делан цӀа ца гира суна, хӀунда аьлча Далла Ӏибадат дечу цӀийнан метта массо а ницкъийн Веза Дела а, Ӏахар а Шаьш бу цу гӀалахь.


«Палидалпи-гӀаларчу динан тобанан малике а дӀаязде: Иштта боху веза а, билггал бакъ а волчу Шен карахь Даудан догӀа Долчо. Цо неӀ дӀаястахь, цхьаьнгге а иза дӀакъовлалур яц. Цо неӀ дӀакъовлахь, цхьаьнгге а иза дӀаясталур яц.


Ӏаршана гобаьккхина кхин а ткъе диъ паччахьан гӀант дара. Царна тӀе хиъна ткъе виъ къано вара. Къаношна тӀехь кӀайн духар дара. Церан кортош тӀе диллина дашо таьжнаш дара.


Цу Ӏаршана хьалха чекх са гучу ангалих тера болу ангалин хӀорд бара. Ткъа Ӏарш лаьттачу меттигна юккъехь а, Ӏаршана гонах а лаьтташ диъ дийнат дара. Хьалха̄ а, тӀехьа̄ а шорта бӀаьргаш дара церан.


Цу дийнаташа Ӏаршана тӀе хиъна волчу, ерриг а тӀейогӀучу заманна а вехаш Волчун сийдеш, Иза ваз а веш, баркаллаш мосазза олу а,


ТӀаккха со дӀахьаьжча, суна гира и Ӏарш лаьттачу меттигна юккъехь, цу дийнаташна а, къаношна а юккъехь лаьтташ болу Ӏахар. Иза, сагӀина лерина бийна болуш санна, бара. Цуьнан ворхӀ маӀа а, ворхӀ бӀаьрг а бара. Дерриг а лаьтта тӀедахийтина долу Делан ворхӀ Са дара уьш.


ТӀаккха суна гира Ӏахаро ворхӀ мухӀарх цхьаъ дӀадоккхуш. Юха суна хезира цу деа дийнатах цхьаммо стигала къекъаш санна долчу озаца олуш: «Схьавола!»


Деа дийнатана юкъара адаман санна долу аз хезира суна: «Цхьана дийнан алапа долччул ахча а луш, кӀен деман цхьа кана я мекхан деман кхо кана схьаоьцу. Зайтдаьтта а, чагӀар а талха ма де!»


Паччахьан гӀантана гонах а, къаношна гонах а, деа дийнатна гонах а массо а маликаш дара лаьтташ. Цу Ӏаршана хьалха бертал а эгна, Далла Ӏибадат дора цара.


Цундела уьш Делан олаллин гӀантана хьалха лаьтташ бу хӀинца. Цара дийнаххьий, буьйсанний Делан цӀа чохь Далла гӀуллакх до. Ӏарша тӀе охьахиъна Верг цаьрца цхьаьна а Ӏийр ву, Цо уьш лар а бийр бу.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios