КхозлагӀчу дийнахь лома тӀе юькъа марха йоьссира. Къекъаш стигал а яра, серладуьйлуш стелахаьштигаш а дара, хезаш уьстагӀан маӀан вуно онда аз а дара. Меттамотт болчохь долу адам чӀогӀа кхераделира.
Дерриг а халкъана стигалан къекъар а, цӀеран алу а, кӀур туьйсу лам а гора, уьстагӀан маӀан аз а хезара. И сурт гича, кхоьруш, генна а бевлла, хьоьжуш лаьттара нах.
Шу Далла тӀедирзина дела, Ас хих чекхдоху шу, амма сол тӀаьхьа ван везарг сол нуьцкъала ву. Со Цунна мачаш кхехьа а хьакъ вац. Цо шу Делан Синах а дузур ду, цӀарца а дахчор ду.
Стигалшкара Делан цӀа дӀаделладелира. Цу чохь Цуьнца бинчу бертан деза тӀорказ дара гуш. ТӀаккха ткъес а туьйхира, аьзнаш а девлира, стигал а къийкъира, мохк а бегийра, йоккха къора а туьйхира.
ТӀаккха со дӀахьаьжча, суна гира и Ӏарш лаьттачу меттигна юккъехь, цу дийнаташна а, къаношна а юккъехь лаьтташ болу Ӏахар. Иза, сагӀина лерина бийна болуш санна, бара. Цуьнан ворхӀ маӀа а, ворхӀ бӀаьрг а бара. Дерриг а лаьтта тӀедахийтина долу Делан ворхӀ Са дара уьш.