Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Довзийтинарг 4:4 - Делан Йозанаш

4 Ӏаршана гобаьккхина кхин а ткъе диъ паччахьан гӀант дара. Царна тӀе хиъна ткъе виъ къано вара. Къаношна тӀехь кӀайн духар дара. Церан кортош тӀе диллина дашо таьжнаш дара.

Ver Capítulo Copiar




Довзийтинарг 4:4
24 Referencias Cruzadas  

Мардахай паччахь волчуьра аравелира, тӀехь кӀайн а, стигалан басахь а йолу паччахьан бедарш а йолуш. Цуьнан коьртахь доккха дашо таж а дара, тӀехь таьӀна-цӀен ве̄танан тоьллачу кӀадинах йина йолу оба а яра. Шушан-гӀалахь дӀахӀоттийна доккха деза де а дара, массо а халкъ доккхадеш а дара.


Дийнахь кхойкху со Хьоьга, сан Дела, Ахьа суна жоп-м ца ло. Буьйсанна а кхойкху со, амма сан синтем бац.


Ӏийсас цаьрга элира: «Баккъалла а боху Аса шуьга: керла дуьне дӀа а хӀоттийна, Адамийн КӀант Шен сийлахьчу паччахьан гӀанта тӀе охьахуун волчу хенахь, Суна тӀаьхьахӀиттина шу а цигахь хир ду. Исраилан халкъана юкъарчу шийтта тайпанна кхел а еш, шу шийтта паччахьийн гӀанташна тӀе охьаховшур ду.


Сан Олалла долчохь дууш а, молуш а хир ду шу Сан стоьла тӀехь. Исраилан халкъана юкъарчу шийтта тайпанна кхел а еш, шу паччахьийн гӀанташна тӀе охьаховшор ду Ас».


Делан лаамехь со ваьхна дела, хӀинца суна кийча ду толамхочунна догӀу таж. Оцу тӀедогӀун долчу дийнахь нийса Кхелахо волчу Везачу Эло лур ду суна и таж. Со воцучунна а, Ӏийса кху дуьнен чу схьаваре безамца сатийсиначарна массарна а лур ду Дала иза.


Далла хьалха долчу паччахьан гӀанташна тӀе хиъна Ӏаш волчу ткъе веа къаночо, шайн кортош лаьтта кхаччалц охьа а таӀийна, Далла Ӏибадат дора.


Цу нехан тобано стигаларчу Ӏаршана а, деа дийнатна а, къаношна а хьалха керла йиш лоькхура. Ткъа лаьттара, мах а белла, кӀелхьарваьккхинчу, цхьа бӀе шовзткъе виъ эзар стаге бен, кхин цхьаьнгге а и йиш ца Ӏамалора.


Цунна тӀаьхьахӀиттина догӀуш дара стигалан эскарш. Церан дошлой кӀайчу дойшна тӀехь бара, ткъа царна тӀехь яра цӀеначу дуткъачу лепаш долчу кӀадих йина бедарш.


ТӀаккха ткъе виъ къано а, диъ дийнат а Ӏаршана тӀехиъна Ӏаш волчу Далла хьалха суждане дахара. Цара бохура: «Амин! Хастам бу Далла!»


Шаьш лан дезар долчу цхьана а хӀуманах ма кхера. Иштта, шу зерхьама, шух цхьадерш иблисо набахти чу даладойтур ду. ТӀаккха иттех дийнахь баланаш ловр бу аша. Шаьш делла дӀадовллалц тешаш хилалаш, тӀаккха Толаман таж санна, Аса шуна хедар доцу дахар лур ду.


Цул тӀаьхьа суна гира паччахьан гӀанташ. Царна тӀе охьахиъна болчеран караделлера кхел яр. Делан дош дӀасадаржорна а, Ӏийсах тоьшалла дарна а тӀера кортош даьхна болчеран синош а гира суна. Я экханна а, я цуьнан суьртана а Ӏибадат ца динера цара. Цу экханан мухӀар а тӀе ца диллийтинера цара я шайн хьаьжнаш тӀе а, я куьйгаш тӀе а. Цара, беллачуьра ден а белла, Дала леррина Къобалвинчуьнца цхьаьна эзар шарахь паччахьалла дира.


Ас иштта хьехам бо шуна: шаьш хьал долуш хилийтархьама, цӀергахь дахчийна деши эца шайна Соьгара. КӀайн духар а эца шайна, иза, тӀе а дуьйхина, шайн эхье меттигаш дӀахьулъярхьама! Хьакхар а эций, иза бӀаьргех хьакха, бӀаьрса даийтархьама!


и ткъе виъ къано Ӏаршана тӀехь хиъна Волчунна хьалха охьа а вужий, ерриг а тӀейогӀучу заманна вехаш Волчунна суждане воьду. Цара, шайн таьжнаш Ӏаршана хьалха охьа а дохкуш, олу:


Цу Ӏаршана хьалха чекх са гучу ангалих тера болу ангалин хӀорд бара. Ткъа Ӏарш лаьттачу меттигна юккъехь а, Ӏаршана гонах а лаьтташ диъ дийнат дара. Хьалха̄ а, тӀехьа̄ а шорта бӀаьргаш дара церан.


Суна дуккха а маликаш гира, церан аьзнаш а хезира. Уьш Ӏаршана а, цигахь долчу дийнаташна а, къаношна а гонах дара. Дагарлур доцуш, эзарнашкахь дукха дара и маликаш – эзарзза эзарнаш.


Ткъа цу деъа а дийнато олура: «Амин». Къаной, охьа а эгна, суждане бахара.


ТӀаккха со дӀахьаьжча, суна гира и Ӏарш лаьттачу меттигна юккъехь, цу дийнаташна а, къаношна а юккъехь лаьтташ болу Ӏахар. Иза, сагӀина лерина бийна болуш санна, бара. Цуьнан ворхӀ маӀа а, ворхӀ бӀаьрг а бара. Дерриг а лаьтта тӀедахийтина долу Делан ворхӀ Са дара уьш.


ТӀаккха, Цо и тептар караэцча, диъ дийнат а, ткъе виъ къано а Ӏахарна хьалха охьавуьйжира. Цаьргахь хӀорангахь а мерз-пондарш а, дашо боганаш а дара. И боганаш хаза хьожа йогӀучу хӀуманах дуьзна дара. Боганаш чохь дерш Делан долахь болчеран доӀанаш дара.


ТӀаккха царна хӀоранна а кӀайн духар делира. Цаьрга элира, кхин а кӀеззиг йолчу ханна сатоха аьлла. Иштта хила дезара, цаьрга терра Ӏийсана гӀуллакх деш болчу а, уьш санна байина хин болчу а, динан вежарийн терахь кхочушхиллалц.


Паччахьан гӀантана гонах а, къаношна гонах а, деа дийнатна гонах а массо а маликаш дара лаьтташ. Цу Ӏаршана хьалха бертал а эгна, Далла Ӏибадат дора цара.


Цул тӀаьхьа со дӀахьаьжча, лаьтташ йолу адамийн йоккха тоба гира суна. Адамаш цхьаьнгге а дагар ца даллал дукха дара. Массо а халкъех, тукхамех, къаьмнех, меттанех схьадевллачу адамийн и тоба яра Делан Ӏаршана хьалха а, Ӏахарна хьалха а лаьтташ. Царна тӀехь кӀайн обанаш а яра, церан карахь хурманийн диттийн гаьннаш а дара.


ТӀехьаьжча, и цӀоз тӀамана кечдинчу дойх тера дара. Церан кортош тӀехь дашо таьжнаш санна йолу хӀуманаш яра. Ткъа церан яххьаш адамийн яххьех тера яра.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios