Довзийтинарг 4:11 - Делан Йозанаш11 «Хьакъ долуш ву Хьо, тхан Веза Эла волу Дела, сийлалла а, ларам а, ницкъ а дӀаэца. ХӀунда аьлча Ахь кхоьллина ду дерриг а. И дерриг а Хьан лаамца долуш а ду, кхоьллина а ду». Ver Capítulo |
Юха а левихойх болу ЮшаӀ а, Кхадмиал а, Бани а, Хьашбин-ЯхӀу а, Шараб-ЯхӀу а, ХӀуди-ЯхӀу а, Шабни-ЯхӀу а, Патахь-ЯхӀу а къамелаш дан буьйлабелира. Цара бохура: «Хьала а гӀовттий, шайн Везачу Далла хастамаш бан дуьйлало. Азалера дуьйна абадене кхаччалц хастамаш бе Цунна. Хьан сийлахь цӀе адамаша хестайойла, иза массо а хастамел а, декъалаллел а лекха хуьлийла!