Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Довзийтинарг 4:1 - Делан Йозанаш

1 Цул тӀаьхьа со хьалахьаьжира. Стигалахь дӀаеллаелла неӀ гира суна. Хьалха а хезна долу, турбана чуьра арадолуш санна долу, аз хезира суна. Цу озо соьга бохура: «Хьалавала кхуза, кхул тӀаьхьа хила дезарг гойтур ду Ас хьуна».

Ver Capítulo Copiar




Довзийтинарг 4:1
21 Referencias Cruzadas  

Якъубца Мисар-махка шайн доьзалшца баьхкинчу Исраилан кӀентийн цӀераш хӀорш ю:


Везачу Эло цуьнга элира: «ГӀой, нах болчу чувосса, юха АхӀаронца хьалавала. Динан дай а, нах а Со волчу хьала ма бовлийта, Соьга шаьш хӀаллак ца дайта».


Юха Везачу Эло Мусага элира: «Со волчу лам тӀе хьала а валий, кхузахь саца. Айса нахана хьеха кечдина парзаш тӀехь долу тӀулган экъанаш лур ю Ас хьоьга».


«Схьавола!» – аьлла, паччахьо хьо тӀекхайкхича дика хир ду, цхьана элана хьалха хьо сийсазваьккхина хуьлучул. Хьан бӀаьргашна гинарг бахьана долуш


Халкъан цхьа дакъа Бавеле дӀадигначул тӀаьхьа, ткъе уьтталгӀачу шеран боьалгӀачу беттан пхоьалгӀачу дийнахь, со Кабар-хина уллохь ЯхӀуд-махкара йийсаре дӀабигначарна юкъахь а волуш, стигалш дӀаса а еллаелла, суна Делера долу суьрташ хӀиттира.


Ӏийсас Ша цуьнга хих чекхваккхийтира. Иза хи чуьра араволлушехь, Дала стигалш дӀасаеллаялийтира. Ӏийсана хьалха кхокханан суьртехь лакхара охьадогӀуш долу Делан Са дӀахӀоьттира. Иза нийсса Цунна тӀе охьадеара.


Ӏийса хи чуьра хьалаволлушехь, Цунна а гуш, стигалш дӀаеллаелира. Кхокханан суьртехь Делан Са доьссира Цунна тӀе. И Делан Са Ӏийсана чу дуьйлира.


Схьавеанарг массо а хих чекхвоккхуш, Ӏийса а ваьккхира. Иза доӀа дан хӀоьттира – стигал еллаелира.


Ткъа и бакъдерг гойтуш долу Са схьадеача, Цо билггал бакъболчу новкъа дохур ду шу, хӀунда аьлча Цо Шегара бохур дац, амма Шена хезнарг дуьйцур ду, тӀейогӀучу хенахь хиндерг хоуьйтур ду Цо шуна.


Еллаелла стигал а, еа маьӀӀера дӀалаьцна, лаьтта охьайоуьйтуш йоккхачу шаршух тера йолу цхьа хӀума а гира цунна.


«Хьовсийша, – элира цо, – суна еллаелла стигал а, Далла аьтту агӀор лаьтта Адамийн КӀант а го», – аьлла.


Везачу Элана леринчу дийнахь Делан Са суна тӀе доьссира, тӀаккха сайна тӀехьа чӀогӀа аз хезира суна, турби чуьра схьадолуш санна.


И суна хезнарг хьенан аз ду те аьлла, со юхахьаьжира. Со юхахьаьжча, суна гира деших бина ворхӀ стогар.


Иштта, дӀаязде хьайна гиначух а, долуш долчух а, хиндолчух а лаьцна.


Шина пайхамарна стигалара чӀогӀа аз хезира. Цо бохура: «Хьаладовла кхуза!» ТӀаккха и шиъ мархица стигала хьалавелира. Ткъа церан мостагӀий цаьрга хьоьжуш бара.


Стигалшкара Делан цӀа дӀаделладелира. Цу чохь Цуьнца бинчу бертан деза тӀорказ дара гуш. ТӀаккха ткъес а туьйхира, аьзнаш а девлира, стигал а къийкъира, мохк а бегийра, йоккха къора а туьйхира.


ВорхӀалгӀачу малико шен боганна чуьрниг хӀаваэ охьадоьттира. ТӀаккха стигалшкарчу Делан цӀа чуьра Ӏаршана тӀера чӀогӀа аз хезира. Цо элира: «Кхочушхили!»


Суна гира дӀаеллаелла стигал. Цигахь лаьтташ кӀайн дин бара. Цу тӀе хиъна Волчух тешаме Верг а, билггал волу бакъ Верг а олу. Цо кхел яр а, тӀом бар а нийсонца леладо.


Малико соьга элира: «ХӀара дешнаш тешаме а, билггал бакъ а ду. Шен Сине пайхамарш иракарахӀуьттуьйтучу Везачу Дала Шен малик дахийтира кестта хила деза хӀуманаш Шен ялхошна гайта».


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios