Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Довзийтинарг 3:9 - Делан Йозанаш

9 Гой шуна! Аьшпаш а буттуш, шаьш боццушехь, жуьгти ду бохуш болу иблисан гуламах берш Ас шуна хьалха дӀахӀиттор бу, шун когашка уьш охьа а тоӀуьйтуш. Хуур ду царна, Суна шу дезийла.

Ver Capítulo Copiar




Довзийтинарг 3:9
13 Referencias Cruzadas  

Паччахьан сацам дӀакхаьчначу хӀора меттехь а, хӀора гӀалахь а адам чӀогӀа сакъералуш а, доккхадеш а дара, цара даккхий тойнаш дӀа а хӀиттийнера. Тайп-тайпанарчу къаьмнех дукхах болу нах жуьгтий хилира, хӀунда аьлча уьш жуьгтех чӀогӀа кхерабеллера.


ТӀаккха хьан берриш а леш, тӀе а баьхкина, суна хьалха охьатаьӀар бу. Цара эр ду: „Хьайн халкъ а эций, дӀагӀо“. Цул тӀаьхьа со дӀагӀур ву». ПирӀун волчуьра, чӀогӀа оьгӀаз а вахана, аравелира Муса.


Сан бӀаьргаш чохь деза а, хьоме а хьо хиларна, Хьо Сайна дезарна, хьох нах дӀалур бу Ас, хьан синах халкъаш дӀалур ду.


Везачу Эло иштта боху: «Мисархоша йина хӀуманаш а, хушахойн йохкаэцар а, лекха нах болу себахой а, шун дола а бевлла, шун хир бу. Уьш шуна тӀаьххье дӀабогӀур бу, шайна тӀехь буржалш а долуш. Шуна хьалха охьа а таьӀна, цара дехарца бохур ду: „Дела шуьца билггал ву, Иза воцург, кхин дела вац“».


Паччахьаш дай санна хир бу хьуна, паччахьийн зударий наной санна хир бу. Уьш хьуна хьалха охьатаьӀар бу, цара хьан когашкара чан юур ю. ТӀаккха хуур ду хьуна Со Веза Эла вуйла. Ас гӀо даре сатуьйсуш верг дохковер вац».


Хьуна гӀело йиначеран кӀентий, муьтӀахь хиларца хьо йолчу а баьхкина, хьан когашка охьаоьгур бу. Хьох ца бешаш хиллачара хьох эр ду Везачу Элан гӀала а, Исраилан халкъан Везачу Делан Цийон а.


Со цаьрца а, Хьо Соьца а санна, хуьлийла уьш а кхоччуш цхьаалла йолуш, дуьне тешийтархьама Ахьа Со вахийтина хиларх а, Со санна, Хьуна уьш безна хиларх а.


„Суна евза шун халонаш а, шун къоьлла а, делахь а шу-м хьал долуш ду. Иблисан гуламах болчара, шаьш Делан нах болчу жуьгтех боццушехь, царах ду бохуш, шух лаьцна дуьйцу вон хабарш а Суна хууш ду.


Хьан цӀийнах мел виснарг цунна корта тоха вогӀур ву, жимма ахча я баьпкан дакъа ло бохуш. Цара цуьнга дехар дийр ду: ‘Динан дас беш болу муьлхха а болх лохьа суна, сайна сискал яккха’, – бохуш“».


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios