Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Довзийтинарг 3:18 - Делан Йозанаш

18 Ас иштта хьехам бо шуна: шаьш хьал долуш хилийтархьама, цӀергахь дахчийна деши эца шайна Соьгара. КӀайн духар а эца шайна, иза, тӀе а дуьйхина, шайн эхье меттигаш дӀахьулъярхьама! Хьакхар а эций, иза бӀаьргех хьакха, бӀаьрса даийтархьама!

Ver Capítulo Copiar




Довзийтинарг 3:18
34 Referencias Cruzadas  

ЧӀагӀйинчу гӀали чу хьан воккхур ву со? Эдом-махкана тӀе хьан вуьгур ву со?


Хедар боцу Хьайн безам Ахьа кховдабехьа, Ахьа шаьш лардар лоьхурш ницкъ беш тӀегӀертачех Хьайн бакъахьарчу куьйгаца кӀелхьарбохуш верг.


Дерриге а латта а кхоьрийла Везачу Элах, инзардовлийла Цунна хьалха̄ дуьнен чохь мел дехарш.


Ас шайна дина хьехарш аша дӀатеттира, ас боху нисдар аша тӀе ца ийцира.


иштта ас шайна дина хьехарш аш дӀа ца эцна дела а, ас шайга мел белла тӀехбеттамаш дӀа а тоттуш.


Хьайна дечу хьехаршка ла а дугӀуш, Ӏама, хиндолчу цхьана дийнахь хьо хьекъале хир ву.


Бакъдерг лаха хьайна, цунах дӀа ма къаста. Иштта хьекъалалла а, хьо Ӏамор а, кхетам а лаха.


Дала паччахьна дийр ду аьлларг бахьана долуш, боху ас: паччахьо мел бохург ларделахь.


Хьан ерзина хилар гуш хир ду, хьан эхь нахана гучудер ду. Ас бекхам бийр бу, цхьаннах а къинхетам бийр бац».


Везачу Эло боху: «Ва дерриге а хьогах дерш, хиш тӀе схьадуьйла! Ва шайгахь ахча доцурш, схьадуьйла, эца, яа! Схьадуьйла, дети доцуш эца, ахча а ца луш, чагӀар а, шура а эца!


Аса-айса хьан кучан юх хьан юьхь тӀе хьалатосур ю, хьан бехке меттиг массарна а дӀагайта.


ТӀаккха лаьттара кешнаш чохь бийшинчех дукхахберш денлур бу, цхьаберш даим а Дела волчохь баха, ткъа вуьш гуттаренна а сийсазбина а, сий дайина а хила.


Эхь дайна, берзинабевлла болу Шапир-гӀалин бахархой, керлачу метте дӀакхалха. Цаинунехь бехаш берш а дӀабовдалур бац. (Цаинун – «довда» боху маьӀна долуш ду). Байт-Эцал-юьртахь дечу белхаро шу цигахь соцуьйтур дац.


«ХӀинца Со ву хьуна дуьхьалваьлла! – боху Везачу Эло. – Ас хьан бедаран юх хьан юьхь тӀе озор ю. Ас халкъашна хьан ерзина ялар, ткъа пачхьалкхашна хьан сий дайна хилар дӀагойтур ду.


Иза дети лалош а, цӀандеш а верг санна охьахуур ву. Цо левихой цӀанбийр бу, уьш, деши а, дети а санна, лалор бу Цо, хила деззачу тайпана Везачу Элана лерина сагӀанаш цаьрга дахийтархьама.


«Стигалийн Олалла аренгахь дӀайоьллина йолу хазна санна ду. Стагана иза карийча, цо иза цкъа хьала а йоккхий, юха а дӀаюллу. Дукха гӀадваханчу цо, ваха а воьдий, шен берриг а бахам дӀа а бухкий, и аре схьаоьцу.


Цаьрга хьекъал долчу зудабераша элира: „Шуна иза дала тхан йиш яц, и даьтта я шуна а, я тхуна а тоам боцуш ца дисийта. Йохкархой болчу а гӀой, эца аша“.


Дела волчохь хазна а ца гулъеш, шена хьал вовшахтухучунна хӀоранна а изза хир ду».


И духар ваьшна тӀедухийтинчул тӀаьхьа, вай дерзина карор ма дац!


ХӀунда аьлча вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан дика девза шуна. Ша хьал долуш воллушехь, шун дуьхьа къий а велла, Шен къоьлла бахьана долуш шу хьал долуш хилийтархьама, дина Цо иза.


Хазаниг дар а, дика гӀуллакхаш шортта дар а тӀедилла царна. Комаьрша хила а, шайн хьал кхечаьрца декъа а хьеха царна.


ЛадогӀийша, сан хьомсара вежарий, дуьнен чуьра къен нах Дала ца хаьржина те? Тешарехь хьал долуш хилархьама а, Ша везачарна лур ду аьллачу олалле кхачийтархьама а Дала уьш ца хаьржина те?


Шун тешар зуьйш ду, ткъа иза дешил деза ду. ХӀунда аьлча деши, цӀарца дахчош делахь а, замано талхош ду. Ткъа шун тешар, зен а зийна, бакъдолу тешар ду аьлла, хила дезаш ду, Дала леррина къобалвина Ӏийса веанчу дийнахь шун хастам а, даздар а, сийлалла а хилийтархьама.


«ЛадогӀалаш! Со, къу санна, цӀеххьана вогӀур ву. Декъала бу, шаьш берзина ца хилийтархьама а, шайн бехке меттигаш гучу ца яхархьама а, тӀеюху бедарш куьйга кӀел а латтош, сема берш».


Цо цӀена а, лепаш долчу а дуткъачу кӀадинан коч тӀеюьйхина». (Ткъа и дуткъа кӀади – Делан долахь болчара Цуьнан лаамехь дина долу гӀуллакхаш бохург ду.)


„Суна евза шун халонаш а, шун къоьлла а, делахь а шу-м хьал долуш ду. Иблисан гуламах болчара, шаьш Делан нах болчу жуьгтех боццушехь, царах ду бохуш, шух лаьцна дуьйцу вон хабарш а Суна хууш ду.


ХӀунда аьлча аша боху: ‘Тхо дехаш а ду, хьал долуш а ду, тхуна оьшуш хӀумма а дац’. Ткъа шу ца кхета шаьш ирс дайна а, декъаза а, къен а, бӀаьрзе а, дерзина а хиларх!


Ӏаршана гобаьккхина кхин а ткъе диъ паччахьан гӀант дара. Царна тӀе хиъна ткъе виъ къано вара. Къаношна тӀехь кӀайн духар дара. Церан кортош тӀе диллина дашо таьжнаш дара.


Шен къамел долош, къанойх цхьаммо соьга хаьттира: «И кӀайн обанаш тӀеюьйхина болу нах муьлш бу? Уьш мичара баьхкина?»


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios