Веза Эла, кхоччуш дӀатеттина те Ахьа ЯхӀудан халкъ? Баккъал а дог даьлла те Хьан Цийонах? Ма чӀогӀа ю-кх Ахьа тхан дагна йина чевнаш, ма дац-кх царна дан дарба. Оха барт хиларе сатийсинера, амма дика хӀума цхьа а гучу ца долу, тхаьш тодаларе сатийсинера, амма кхин а доьхнарг тӀекхочу.