Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Довзийтинарг 3:15 - Делан Йозанаш

15 „Девза Суна шун гӀуллакхаш – шу я шийла а дац, я довха а дац. Я шийла, я довха делара шу!

Ver Capítulo Copiar




Довзийтинарг 3:15
23 Referencias Cruzadas  

Эли-ЯхӀу-пайхамаро, дерриг а халкъана хьалха дӀа а хӀоьттина, элира: «Шу дукха лелар дуй те шинна а когана астагӀа лелхаш? Нагахь санна Веза Эла Дела велахь, Цунна тӀаьхьахӀитта. Ткъа Иза БаӀал велахь, цунна тӀаьхьахӀитта». Халкъо цхьа а дош ца элира цуьнга.


Сан кӀант, дикка тидам бе сан, со лела некъ тамехь хуьлийла хьуна.


Исраилхойн дог мекарлонех дуьзна ду, церан къиношна доггӀург хӀинца царна дийр ду. Везачу Эло церан сагӀа доккху меттигаш а хӀаллакйийр ю, церан цӀушна дӀахӀиттийна тӀулгаш а дохор ду.


«Эпрайман халкъ вукху къаьмнех дӀаэделла. Иза буьйда дисинчу баьпках тера ду.


Шен дай-наний Сол дукха дезаш верг Суна улло вала хьакъ долуш вац. Шен йоӀ я кӀант Сол дукхах дезаш верг а вац Соьца хила хьакъ долуш.


Зен-зулам совдалар бахьана долуш, дукхахболчеран безам лахлур бу.


Цхьана стеган шина элан ялхо хила йиш яц. Цунна цхьа хӀусамда везар ву, важа везар вац, я цхьанна хьесталур ву, ткъа вукхунах вешар вац. Цундела цхьаьний – Далла а, хьолана а ялхой хилалур дац шу».


Мало а ца еш, дукха болх белаш. Даим доьналла а долуш, Далла гӀуллакх делаш.


Нагахь Веза Эла ца везаш цхьаъ велахь, неӀалт хуьлийла цунна. Марана-тхьа. Волахь, вайн Веза Эла!


Кхоьру со, шу долчу веача, сайна луур доцучу тайпана шу хилла карорна. Иштта со кхоьру, со хила луур доцучу кепехь шуна со караварх. Кхоьру со, шуна юкъахь ишттаниг карадарна: девнаш дийлар, хьагӀ хилар, дералла, шена пайда лехар, мотт беттар, харцдерг кхоллар, кураллаш хилар, низам цахилар.


ЭхӀ-хӀай, Соьга ларамах дуьзна а хилла, дерриге а Сан весеташ кхочушдан даим церан дегнаш делахьара, шайна а, шайн берашна а гуттаренна диканиг хилийтархьама!


Аса доьху Деле шун даггара болу безам хӀума довзарца а, кхетамалла хиларца а кхин а алсамбаккхар,


Динан вежарий! Вай Далла баркалла ала деза, Ӏийсах тешарехь шу чӀагӀлуш долу дела. Иза баккъалла а иштта ду, хӀунда аьлча шуна массарна а юкъахь хӀораннан а вовшашка болу безам кхин а алсамбуьйлуш бу.


Шалха ойланаш йолу стаг ма ву иза, ша дечу хӀуманна тӀехь чӀагӀо а йоцуш.


Бакъдолчунна муьтӀахь хиларна, шайн синош а цӀандина, шайн динан вежарий шалхо йоцуш безаш ду шу. Ткъа хӀинца шайн ницкъ ма-кхоччу даггарчу безамца вовше дезалаш!


„Девза Суна шун гӀуллакхаш. Хаьа Суна аша къахьоьгийла а, шу доьналла долуш дуйла а, мекара адамаш аша ловш доцийла а. Шаьш векалш ду бохурш а аша зийна, ткъа уьш харцлуьйш хилар а шуна хиъна.


Делахь а, шуна дуьхьалдаккха хӀума ду Сан: аша шайн дуьххьарлера безам дӀатесна.


«Сардис-гӀаларчу динан тобанан малике а дӀаязде: Иштта боху Шегахь Делан ворхӀ Са а, ворхӀ седа а Болчо: „Девза Суна шун гӀуллакхаш. Аша, шаьш дийна долуш санна, цӀераш лелайо, амма шу делла ду.


Довха а, шийла а доцуш, шу мела хиларна, Ас Сайн багара а дӀадохур ду шу.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios