Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Довзийтинарг 3:14 - Делан Йозанаш

14 «Лаудика-гӀаларчу динан тобанан малике а дӀаязде: Иштта боху Ша Амин волчу, Дала кхоьллина долчун Хьоста Ша волчу, тешам а болуш, билггал бакъволчу Тешо:

Ver Capítulo Copiar




Довзийтинарг 3:14
22 Referencias Cruzadas  

Раабан, хьо сан дуьххьарлераниг ву, сан ницкъ, сан боьршаллин дуьххьарлера стом, уггар сийлахьверг а, ницкъберг а.


Тешаме волчу тешо Ӏеха ца во, амма харцтешо аьшпаш бутту.


Юьхьанца, Ша дерриг а кхуллучу хенахь, Везачу Эло со, хьекъалалла, уггар а хьалха кхоьллина.


Хьовсал, Ас Цунах дуккха а халкъашна теш вира, тхьамда а, куьйгалхо а вира царна.


Лаьтта тӀехь шена декъалвар доьхуш волчо бакъдолчун Дала ша декъалвар доьхур ду. Лаьтта тӀехь дуй бууш волчо а бакъдолчун Делах дуй буур бу, хӀунда аьлча хьалхалера сингаттамаш бицбина а, Сан бӀаьргашна хьалхара къайлабаьхна а хир бу».


Цара Ярми-ЯхӀуга элира: «Веза Эла бакъволу а, тешаме а теш тхуна дуьхьал хуьлийла, хьан Везачу Дала тхан дуьхьа хьуна луш долчу массо а дешнашка хьаьжжина тхо ца лелахь.


Дерриг а Дала цу Дашехула кхолла а кхоьллина, И доцуш, кхоьллинчух хӀумма а ца кхоьллина.


Ткъа Ӏийсас, жоп луш, элира цаьрга: «Аса Айса-Сайх тоьшалла деш делахь а, Сан тоьшалла кхоччуш ду. ХӀунда аьлча Суна хаьа, Со мичара веана а, стенга воьду а, ткъа шуна ца хаьа, я Со мичара веана а, я Со стенга воьду а.


ХӀунда аьлча Дала мел дина ваӀданашна дуьхьал Дала леррина Къобалвинчуьнгахула «хӀаъ» ду. Цундела Делан сийлаллина Дала леррина Къобалвинчуьнгахула вай «Амин» олу.


Ца езачу зудчун кӀант цо дуьххьарлера кӀант лара веза. Шен мел долчу хӀуманан ши дакъа цо цунна дӀадала деза, хӀунда аьлча иза цуьнан ницкъан юьхьиг ю. Дуьххьарлера доьзалхо хиларан бакъо цуьнан ю».


Дала леррина Къобалвинарг – гуш воцучу Делан гуш долу васт ду. Цуьнан дуьххьарлера Доьзалхо ву Иза, кхоьллина мел долчу хӀуманал тоьлуш а волуш.


Иза динан массо а тобанан Корта бу, ткъа и тоба Цуьнан дегӀ санна ю. Оцу тобанан дахаран хьоста ду Иза. Беллачарна юкъара дуьххьара денвелларг а Иза ву, массо а хӀуманна тӀехь хьалхе йоккхуш Иза хилийтархьама.


Суна шуьга дӀахаийта лаьа, мел чӀогӀа къахьоьгу аса Лаудикехь дехачу шун дуьхьа а, юьхь-дуьхьал со шайна гина а боцучу массеран дуьхьа а.


ХӀара кехат шаьш долчохь дешна даьлча, Лаудикерачу динан гуламехь дӀадешийта, ткъа Лаудикехь дерг шайн гуламехь аша а деша.


Цо бохура: «Хьайна гушдерг тептар тӀе дӀа а яздай, динан ворхӀе а тобанийн гуламашка дӀадахьийта. И тобанаш ю хӀокху гӀаланашкахь: Эпасехь, Симранехь, Паргамехь, Тхьайтирехь, Сардисехь, Палидалпехь, Лаудикехь».


билггала бакъволу теш волчу а, дуьххьара беллачарна юкъара денвелла волчу а, лаьттарчу паччахьийн Олахо волчу а Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагара а. Вай дукха а дезаш, вайн къинойх Шен цӀийца вай кӀелхьара а даьхна,


Суна гира дӀаеллаелла стигал. Цигахь лаьтташ кӀайн дин бара. Цу тӀе хиъна Волчух тешаме Верг а, билггал волу бакъ Верг а олу. Цо кхел яр а, тӀом бар а нийсонца леладо.


«Эпас-гӀаларчу динан тобанан малике дӀаязде: Иштта боху, Шен аьтту куьйга ворхӀ седа схьа а лаьцна, деших бина болчу ворхӀ стогарна юккъехула лелаш Волчо:


Кхин а Цо соьга элира: «Со ву массо а хӀума Долийнарг а, чекхдоккхун Верг а, церан Хьалхе а, Чаккхе а. Хьогах волчунна Ас бакъо лур ю дахаран хи долчу шовдан чуьра маьхза хи мала.


Со ву массо а хӀума Долийнарг а, чекхдоккхун Верг а, церан Хьалхе а, Чаккхе а, Дуьххьарлераниг а, ТӀаьххьарлераниг а».


Малико соьга элира: «ХӀара дешнаш тешаме а, билггал бакъ а ду. Шен Сине пайхамарш иракарахӀуьттуьйтучу Везачу Дала Шен малик дахийтира кестта хила деза хӀуманаш Шен ялхошна гайта».


«Палидалпи-гӀаларчу динан тобанан малике а дӀаязде: Иштта боху веза а, билггал бакъ а волчу Шен карахь Даудан догӀа Долчо. Цо неӀ дӀаястахь, цхьаьнгге а иза дӀакъовлалур яц. Цо неӀ дӀакъовлахь, цхьаьнгге а иза дӀаясталур яц.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios