Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Довзийтинарг 3:12 - Делан Йозанаш

12 Толам баьккхинарш Сан Делан цӀа чохь бӀогӀам хилла дӀахӀуьттур бу, цу чуьра кхин ара а бевр бац. Царна тӀехь Сайн Делан цӀе а язйийр ю Ас, Сайн Делан гӀалин цӀе а язйийр ю. Иза Сан Делера стигалара охьайогӀуш йолчу Ярушалайм-гӀалин цӀе хир ю. Сайн керла цӀе а язйийр ю Ас царна тӀехь.

Ver Capítulo Copiar




Довзийтинарг 3:12
26 Referencias Cruzadas  

Везачу Элан цӀа чу воллучохь, учехь, цӀестан ши бӀогӀам дӀахӀоттийра Хьирама. Цхьа бӀогӀам къилбехьа хӀоттийра цо, цунна «Якин» аьлла цӀе тиллира Хьирама (и цӀе «Дала дӀахӀоттор» бохучух тера ду). Ткъа важа къилбаседехьа дӀахӀоттийра. Цунах «БоӀаз» элира (иза «Делан нуьцкъалаллех дерг» бохучух тера ду).


Халкъаш вайна муьтӀахь дина Цо. Къаьмнаш вайн когашка охьадехкина Цо.


ХӀуъа дича а, адаме стаг паргӀатваккхалур вац. Цуьнга оцу стеган дахарх Далла мах балалур бац.


Хьан юьхь-дуьхьал дӀакхочийла хӀара сан доӀа. ЛадогӀахьа хӀокху сан орца даккхаре.


Халкъашна хьан нийсо гур ю, массо а паччахьашна – хьан сийлалла. Хьуна керла цӀе туьллур ю, Везачу Элан багара схьаер ю и цӀе.


Аш йитина хир йолу цӀе неӀалт кхайкхош долчу хенахь лелош хир ю Ас хаьржинчу халкъо. Хьалдолчу Эло хӀаллакдийр ду шу, ткъа Шен ялхошна кхин цӀе туьллур ю Цо.


Аса хьо хӀинца чӀагӀйина гӀала санна, аьчка бӀогӀам санна, йоьза пен санна, хӀокху лаьтта тӀехь дӀахӀоттийна. ЯхӀудан халкъан паччахьашна а, цуьнан тхьамданашна а, динан дайшна а, массо а кху лаьттарчу халкъана а дуьхьал хьо латталур ву.


Делан цӀийнан ученан шоралла ткъа дол яра, ткъа йохалла шийтта дол яра. Цунна тӀебоьдучу ламин итт тӀегӀа дара, хӀора шина пенан гӀорторна уллохь цхьацца бӀогӀам а бара лаьтташ.


ГӀалина гонах йолу меттиг йохалла юьстича, ерриг а берхӀитта эзар дол хир ю. Ткъа оцу дийнахь дуьйна цу гӀалин цӀе, „Цигахь Веза Эла ву“ аьлла, хир ю».


Цара ахча схьадеара. ТӀаккха Ӏийсас элира: «Хьенан сурт ду кху тӀехь диллинарг, хьенан цӀе ю язйина?» «Римхойн паччахьан ю-кх», – элира цара Цуьнга.


Дала и Шен дика суна а деллий хиъча, Ӏийсах тешаш болчу наха шайн гӀортораш лоруш болчу Якъуба а, Кипас а, Яхьъяс а соьга а, Бар-Наабе а доттагӀаллин куьг кховдийра. Цара барт бира, уьш жуьгташна хаза кхаъ кхайкхош баха беза, ткъа тхо иза кхечу къаьмнашна кхайкхош даха деза аьлла.


Цуьнгара стигалшкахь а, лаьтта тӀехь а болу массо а доьзалша шайн-шайн амал схьаоьцу.


Амма шу тӀедахана Цийон-ламанна, дийначу Делан гӀала йолчу стигаларчу Ярушалаймана, эзарнаш маликийн


Кхузахь вайн гуттар а лаьтташ йолу гӀала яц, вай хин йолу гӀала лоьхуш ду.


Сан хьоме бераш! Шу Делера ду. Шу тоьлла харцпайхамарел, хӀунда аьлча шуьца Верг нуьцкъала ву кху дуьненахь олалла деш волчул.


Со дӀахьаьжча, суна Цийон-лам тӀехь лаьтташ болу и Ӏахар гира. Цуьнца цхьаьна лаьтташ цхьа бӀе шовзткъе виъ эзар стаг вара. Церан хьаьжнашна тӀехь Цуьнан цӀе а, Цуьнан Ден цӀе а дӀаязйина яра.


Цара Ӏахарца тӀом бийр бу. Ткъа Ӏахаро царна тӀехь толам боккхур бу, хӀунда аьлча Иза ву олахойн Олахо а, паччахьийн Паччахь а. Ткъа Цуьнца берш бу Цо кхайкхинарш а, къастийнарш а, тешаме берш а».


Лергаш долчо ладугӀийла Делан Сино динан тобанашка бохучуьнга: ‘Толам баьккхинчун шолгӀа валар хир дац’“».


Лергаш долчо ладугӀийла Делан Сино динан тобанашка бохучуьнга: ‘Толам баьккхинчунна къайлаяьккхинчу ‹манна› олучу кхачанан буьртигийн дакъа лур ду Ас. Цунна кӀайн тӀулг а лур бу Ас, тӀеязйина керла цӀе а йолуш. И цӀе цхьанна а хуур яц, иза йолчунна бен’“».


Лергаш долчо ладугӀийла Делан Сино динан тобанашка бохучуьнга: ‘Тоьллачунна бакъо лур ю Ас Делан ялсаманина юккъехь лаьтташ долчу дахаран дитта тӀера стом баа’“».


ТӀаккха суна гира Делан гӀала. Шен майрачунна кечдина долу нускалх тера йолу, Дела волчуьра стигалара охьайогӀу керла Ярушалайм-гӀала яра иза.


Цигахь Делан юьхь а гур ю царна. Цуьнан цӀе а хир ю церан хьаьжнашна тӀехь.


Толам баьккхинчунна тӀе кӀайн духар духур ду. Цуьнан цӀе дахаран тептар тӀера Ас дӀа а йойур яц. Иза Сан долахь хиларх тоьшалла а дийр ду Ас Сайн Дена а, Цуьнан маликашна а хьалха.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios