Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Довзийтинарг 3:11 - Делан Йозанаш

11 Кестта вогӀур ву Со. Шайн долуш дерг ларделаш, цхьаьнгге а шайгара толам баккхаран таж дӀа ца даккхийта.

Ver Capítulo Copiar




Довзийтинарг 3:11
19 Referencias Cruzadas  

Гергга ду Везачу Элан сийлахь-доккха де. Гергга а ду, чӀогӀа сихделла а догӀу. ЛадогӀал! Везачу Элан де ма къаьхьа белхар ду! Уггар майрачу тӀемалочо а цӀогӀа детташ ду!


Оцу къовсамашкахь дакъа лоцуш болчара шаьш массо а хӀуманна тӀехь юхаузу. Уьш иштта лела, телхина дӀадер долу толаман таж шайна кхачийтархьама, ткъа вай иштта лела, ваьшна телхар доцу таж кхачийтархьама.


Массо а адамашна йовзийла шун эсалалла. Веза Эла гергга ву.


Ткъа къийсадаларшкахь дакъалоцучунна толаман таж кхочур дац, нагахь санна иза, бакъонаш лар а еш, къовса ца веллехь.


Делан лаамехь со ваьхна дела, хӀинца суна кийча ду толамхочунна догӀу таж. Оцу тӀедогӀун долчу дийнахь нийса Кхелахо волчу Везачу Эло лур ду суна и таж. Со воцучунна а, Ӏийса кху дуьнен чу схьаваре безамца сатийсиначарна массарна а лур ду Дала иза.


Декъалвина ву зенашна садеттарг, хӀунда аьлча иза зийначул тӀаьхьа, ял санна, хедар доцучу дахаран таж лур ду цунна Ша везачарна иза лур ду аьллачу Везачу Эло.


Вовшашна аьрзнаш ма делаш, вежарий, шайна кхел ца яйтархьама, хӀунда аьлча Кхелахо неӀарехь лаьтташ ву.


Декъала ву хӀара Делера бинчу хааман дешнаш доьшург. Декъала бу, цу хааме ла а дугӀуш, хааман тептар тӀехь яздинарг лардийраш, и дерриге а кестта хир долу дела.


«ЛадогӀалаш! Со, къу санна, цӀеххьана вогӀур ву. Декъала бу, шаьш берзина ца хилийтархьама а, шайн бехке меттигаш гучу ца яхархьама а, тӀеюху бедарш куьйга кӀел а латтош, сема берш».


Шаьш лан дезар долчу цхьана а хӀуманах ма кхера. Иштта, шу зерхьама, шух цхьадерш иблисо набахти чу даладойтур ду. ТӀаккха иттех дийнахь баланаш ловр бу аша. Шаьш делла дӀадовллалц тешаш хилалаш, тӀаккха Толаман таж санна, Аса шуна хедар доцу дахар лур ду.


„Девза Суна иблисан олаллин гӀантана гонах шу дехаш хилар. Аша Сан цӀе ларамехь а лелийна, Сох долу шун тешар дӀа а ца даьлла, ур-атталла иблис дехаш долчу шун гӀалахь Сан тешаме теш волу Антапи вийначу хенахь а.


Ткъа шу, Со схьаваллалц, шайн долуш дерг лар а деш, лела’.


Ӏийсас боху: «Со кестта вогӀур ву. Сан ял а Соьца ю, хӀоранна а, ша динчу гӀуллакхашка хьаьжжина, хьакъ дерг дӀадалархьама.


Кху дерригенах а тоьшалла деш Волчо боху: «И бакъ ду, Со кестта вогӀур ву». Амин. Волахьа, Веза Эла волу Ӏийса!


«Хаалаш, Со кестта вогӀур ву. Декъала ву кху тептар тӀехь дӀаяздина долу Делера болчу хааман дешнаш лардеш верг!»


Шаьш тӀеэцна болу а, шайна хезна болу а хьехамаш дагахь латтабе! Уьш лар а бе, шайн къиношна дохко а довлий, Далла тӀе а дерза. Нагахь шу сама ца довлахь, къу санна, шуна ца моьттучу хенахь вогӀур ву Со.


и ткъе виъ къано Ӏаршана тӀехь хиъна Волчунна хьалха охьа а вужий, ерриг а тӀейогӀучу заманна вехаш Волчунна суждане воьду. Цара, шайн таьжнаш Ӏаршана хьалха охьа а дохкуш, олу:


Ӏаршана гобаьккхина кхин а ткъе диъ паччахьан гӀант дара. Царна тӀе хиъна ткъе виъ къано вара. Къаношна тӀехь кӀайн духар дара. Церан кортош тӀе диллина дашо таьжнаш дара.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios