Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Довзийтинарг 3:1 - Делан Йозанаш

1 «Сардис-гӀаларчу динан тобанан малике а дӀаязде: Иштта боху Шегахь Делан ворхӀ Са а, ворхӀ седа а Болчо: „Девза Суна шун гӀуллакхаш. Аша, шаьш дийна долуш санна, цӀераш лелайо, амма шу делла ду.

Ver Capítulo Copiar




Довзийтинарг 3:1
30 Referencias Cruzadas  

ХӀунда аьлча хӀара сан кӀант веллачуьра денвелла, вайначуьра карийна“. Уьш сакъера буьйлабелира.


ХӀинца вай самукъадаьлла хила ма деза, хьан ваша веллачуьра денвелла, вайначуьра карийна“».


Иза бакъдолчух а, диканах а вуьззина волу дела, вай саццаза схьаоьцура Цуьнан дикалла.


Цкъа хӀинццалц суна а билггала ца вевзара Иза, амма со нах хих чекхбаха ваийтинчу Дала элира соьга: „Делан Са а доьссина, Иза Шена тӀехь дуьсуш гун верг хир ву хьуна цу Делан Синах адамаш дузон верг“.


И аьлла, Ӏаь а тоьхна, Ӏийсас элира: «ДӀаэца Делан Са.


ХӀунда аьлча Ша Дала Ваийтинчо Делан дешнашца дуьйцу, Дала иза барам боццуш Шен Сих вуьзна дела.


Иштта Делан аьтту куьйга хьалаваьккхинчу Цо Дегара Шена лур ду аьлла Делан Са схьаийцира. Ӏийсас кхочушдира тахана шуна гуш а, хезаш а дерг.


Ткъа шу хӀетахь делла дара, шайн зуламаш а, къинош а бахьана долуш.


къинош а летийна, делла хилла долу вай, Ша леррина Къобалвинчуьнца цхьаьна дендина. Делан доккхачу диканца кӀелхьардаьхна ду шу.


Шаьш къинош летийна дела а, кхечу къаьмнех шаьш схьадевлла дела а, хьалха шу делла дара. Ткъа хӀинца Дала леррина Къобалвинчуьнца доьзна долу шу денделла, Дала вайн массо а къиношна геч а дина.


Ткъа шен дегӀана там лоьху йисина зуда, дийна йоллушехь, елла ю.


Цундела, шена чохь са доцу дегӀ делла ма-хиллара, гӀуллакхашца доцу тешар а делла ду.


Шайна чохь хиллачу Дала леррина Къобалвинчун Сино йийцина йолу хан а, хьелаш а къасто гӀиртина уьш. Цу Сино дийцина царна Дала леррина Къобалвинчун баланех лаьцна а, тӀаьхьа Цуьнца боьзна хин болчу сийлахьчу хиламех лаьцна а.


Шун бертан пхьорашкахь цу наха шу юьхьӀаьржачу хӀиттадо. Эхь ца хеташ, шуьца шуьнехь Ӏаш бу уьш, амма шайн бен бала хир бац церан. Мохо лело, догӀа доцу мархаш ю уьш, стом боцу гуьйренан дитташ ду, шаьш лаьттах орамашца схьадахарна шозза делла долу.


Цо бохура: «Хьайна гушдерг тептар тӀе дӀа а яздай, динан ворхӀе а тобанийн гуламашка дӀадахьийта. И тобанаш ю хӀокху гӀаланашкахь: Эпасехь, Симранехь, Паргамехь, Тхьайтирехь, Сардисехь, Палидалпехь, Лаудикехь».


Цуьнан аьтту куьйгахь ворхӀ седа бара. Цуьнан багара схьадолура шинна а агӀор ира долу тур. Цуьнан юьхь а, шен нуьцкъалаллин нуьрехь болу малх санна, лепаш яра.


Сан аьтту куьйгахь хьуна гиначу ворхӀ седанан а, ворхӀ дашо стогаран а къайле иштта ю: ворхӀ седа – уьш Ӏийсах тешначийн динан ворхӀ тобанан маликаш ду бохург ду. Ткъа хьуна гина болу ворхӀ стогар – уьш ворхӀе а динан тобанийн гулам бу».


Векал волчу Яхьъяс Асиа-махкарчу динан ворхӀ тобане яздо: Делан дика а, синпаргӀато а хуьлийла шуна даим волуш волчу а, хилла волчу а, вогӀун волчу Делера а, иштта Цуьнан Ӏаршана хьалха лаьтташ долчу ворхӀ синера а,


„Девза Суна иблисан олаллин гӀантана гонах шу дехаш хилар. Аша Сан цӀе ларамехь а лелийна, Сох долу шун тешар дӀа а ца даьлла, ур-атталла иблис дехаш долчу шун гӀалахь Сан тешаме теш волу Антапи вийначу хенахь а.


„Суна девза шун гӀуллакхаш а, безам а, тешар а, аша гӀо дар а, шу доьналла долуш хилар а. Иштта Суна хаьа шун тӀаьххьарлера гӀуллакхаш хьалха дина долчу гӀуллакхел сов дуйла а.


„Девза Суна шун гӀуллакхаш. Хаьа Суна аша къахьоьгийла а, шу доьналла долуш дуйла а, мекара адамаш аша ловш доцийла а. Шаьш векалш ду бохурш а аша зийна, ткъа уьш харцлуьйш хилар а шуна хиъна.


„Суна евза шун халонаш а, шун къоьлла а, делахь а шу-м хьал долуш ду. Иблисан гуламах болчара, шаьш Делан нах болчу жуьгтех боццушехь, царах ду бохуш, шух лаьцна дуьйцу вон хабарш а Суна хууш ду.


„Девза Суна шун гӀуллакхаш – шу я шийла а дац, я довха а дац. Я шийла, я довха делара шу!


Сама а довлий, шайна чохь дисина долу тешар чӀагӀде, иза хӀаллакьхилале. ХӀунда аьлча Суна карийна, аша деш долу гӀуллакхаш Сан Далла хьалха кхоччуш чекхдевлла цахилар.


„Девза Суна шун гӀуллакхаш. Хьовсал! Цхьаьнгге а дӀакъовлалур йоцу неӀ дӀайиллина Ас шуна хьалха. Шун ницкъ кӀезиг белахь а, аша Сан дош а лардина, Со дӀа а ца тесна.


Цу Ӏаршах схьадетташ стелахаьштиг а дара, схьахезаш аьзнаш а дара, серладуьйлуш детташ ткъес а дара. ГӀантана хьалха богуш ворхӀ къуьда бара. Уьш Делан ворхӀ Са ду.


ТӀаккха со дӀахьаьжча, суна гира и Ӏарш лаьттачу меттигна юккъехь, цу дийнаташна а, къаношна а юккъехь лаьтташ болу Ӏахар. Иза, сагӀина лерина бийна болуш санна, бара. Цуьнан ворхӀ маӀа а, ворхӀ бӀаьрг а бара. Дерриг а лаьтта тӀедахийтина долу Делан ворхӀ Са дара уьш.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios