Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Довзийтинарг 22:9 - Делан Йозанаш

9 Амма малико соьга элира: «Варелахь, и ма делахь, хӀунда аьлча хьо а, хьан динан вежарий болу пайхамарш а, кху тептар тӀехь дерг мел лардийриг а санна, со а ду Цуьнан ялхо. Далла бен ма де Ӏибадат!»

Ver Capítulo Copiar




Довзийтинарг 22:9
19 Referencias Cruzadas  

Ткъа шу Мисар-махкара Шен боккхачу ницкъаца а, схьакховдийначу куьйгаца а арадаьхна волчу Везачу Элана Ӏибадат а де, Цунна Ӏамал а е, Цунна сагӀа а даккха.


ДӀа а совций, Со Дела вуйла хаийша. Халкъаша а лакхавоккхур ву Со, лаьтта тӀехь а лакхавоккхур ву Со.


Цхьана Везачу Элана бен, кхечу далла ахь Ӏибадат дан мегар дац, хӀунда аьлча Эмгаралла Ерг цӀе йолуш волу Веза Эла – эмгаралла йолу Дела ву.


«И Хьуна гуш мел дерг аса Хьуна дӀалур ду, Ахьа суна, Далла санна, гора а хӀоьттина, Ӏибадат дахь!»


И дерриг Хьан хир ду, нагахь санна Ахь суна, Далла санна, Ӏибадат дахь».


Иза делаш, стигала шаьш хьалахьаьжча, малххий, буттий, седарчий – и дерриге а стигалан ницкъаш бу – шайна гича, Ӏеха а делла, царна Ӏибадат ца дархьама а, царна гӀуллакх деш ца лелархьама а, хӀунда аьлча шун Везачу Дала стигал кӀел мел долчу халкъашна делла и дерриге а.


Иштта вайна хаьа, Делан КӀанта, ван а веана, кхетам ваьшна беллийла, билггал бакъволу Дела вайна вовзийтархьама. Ткъа вай, бакъволчу Делаца хилла а ца Ӏаш, Цо леррина къобалвинчу Цуьнан КӀантаца Ӏийсаца а ду. Иза ву билггал бакъволу Дела а, бакъдолу дахар а!


Шен ялхошна кестта хила дезарг довзийтархьама, Ша леррина къобалвинчу Ӏийсагахула гучуяьккхира Дала и къайле. Цо иза Шен ялхо волчу Яхьъяга дӀахаийтира, цунна тӀе Шен малик а дахийтина.


Цо бохура: «Хьайна гушдерг тептар тӀе дӀа а яздай, динан ворхӀе а тобанийн гуламашка дӀадахьийта. И тобанаш ю хӀокху гӀаланашкахь: Эпасехь, Симранехь, Паргамехь, Тхьайтирехь, Сардисехь, Палидалпехь, Лаудикехь».


Цу малико, мохь туххуш, бохура: «Делах кхералаш! Цунна хастамаш белаш! ХӀунда аьлча Цо кхел ен хан тӀекхаьчна. Стигал а, латта а, хӀорд а, хин хьостанаш а Кхоьллинчунна Ӏамал елаш».


Мила кхоьрур вацара Хьох, ва Веза Эла? Хьан цӀе а хьан язйийр яцара? ХӀунда аьлча Хьо цхьаъ ву веза! Массо а халкъаша, тӀе а даьхкина, Хьуна хьалха Ӏибадат дийр ду. ХӀунда аьлча Ахь нийсонца лелош долу гӀуллакхаш тхуна гучу ма девлла».


Со цуьнан когашка вуьйжира, цунна хьалха Ӏибадат дан дагахь, амма малико соьга элира: «Варелахь, и ма делахь! Со а ду Далла гӀуллакх деш дерг, хьо а, Ӏийсах лаьцна долу тоьшалла лардеш болу хьан вежарий а санна. Далла бен ма де Ӏибадат! ХӀунда аьлча Делера болчу хаамийн дух Ӏийсах лаьцна долу тоьшалла ду».


Малико кхин а элира соьга: «Кху тептар тӀехь язбина болу Делера хаам къайла ма баккхалахь, хӀунда аьлча и дерриг а хир долу хан тӀекхочуш ю.


Кху тептар тӀехь дӀаяздина долу Делера болчу хаамийн дешнаш хезаш волчу хӀоранга а Аса дӀахьедар до: «Нагахь цхьаммо кху дешнашна тӀе цхьа хӀума тӀетохахь, Дала цу тептар тӀехь бийцина болу массо а баланаш тӀебоуьйтур бу цунна.


«Хаалаш, Со кестта вогӀур ву. Декъала ву кху тептар тӀехь дӀаяздина долу Делера болчу хааман дешнаш лардеш верг!»


и ткъе виъ къано Ӏаршана тӀехь хиъна Волчунна хьалха охьа а вужий, ерриг а тӀейогӀучу заманна вехаш Волчунна суждане воьду. Цара, шайн таьжнаш Ӏаршана хьалха охьа а дохкуш, олу:


Ткъа оцу баланех далаза дисина кхидолу адамаш, шайна Ӏибадат дархьама, шаьш куьйга йинчу хӀуманех дӀа ца дирзира. Цара Ӏамал йора жинашна а, деших а, детих а, цӀастанах а, тӀулгах а, дечигах а бинчу цӀушна а, царна хӀумма а ца гушшехь а, уьш ца лелалушшехь а.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios