Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Довзийтинарг 22:8 - Делан Йозанаш

8 Со, Яхьъя, и дерриге а хезнарг а, гинарг а ву. И хӀуманаш хезна а, гина а ваьллачул тӀаьхьа, уьш сайна гайтинчу маликан когашка вуьйжира со, цунна Ӏибадат дархьама.

Ver Capítulo Copiar




Довзийтинарг 22:8
6 Referencias Cruzadas  

ТӀаккха Набухди-Нецар, Даниал ваз а вина, цунна суждане вахара. Цунна сагӀанаш даха а, хаза хьожа йогӀу хӀуманаш ягае а аьлла, омра дира цо.


«ХьалагӀатта, – элира цуьнга Кипас, – со хьо санна адам ма ду».


Шен ялхошна кестта хила дезарг довзийтархьама, Ша леррина къобалвинчу Ӏийсагахула гучуяьккхира Дала и къайле. Цо иза Шен ялхо волчу Яхьъяга дӀахаийтира, цунна тӀе Шен малик а дахийтина.


Векал волчу Яхьъяс Асиа-махкарчу динан ворхӀ тобане яздо: Делан дика а, синпаргӀато а хуьлийла шуна даим волуш волчу а, хилла волчу а, вогӀун волчу Делера а, иштта Цуьнан Ӏаршана хьалха лаьтташ долчу ворхӀ синера а,


Со цуьнан когашка вуьйжира, цунна хьалха Ӏибадат дан дагахь, амма малико соьга элира: «Варелахь, и ма делахь! Со а ду Далла гӀуллакх деш дерг, хьо а, Ӏийсах лаьцна долу тоьшалла лардеш болу хьан вежарий а санна. Далла бен ма де Ӏибадат! ХӀунда аьлча Делера болчу хаамийн дух Ӏийсах лаьцна долу тоьшалла ду».


ТӀаккха суна гира экха а, дуьнен чуьра паччахьаш а шайн эскаршца цхьаьна. Уьш гулделлера оцу дин тӀе хиъна Волчунна а, Цуьнан эскарна а дуьхьал тӀом бан.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios