Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Довзийтинарг 22:6 - Делан Йозанаш

6 Малико соьга элира: «ХӀара дешнаш тешаме а, билггал бакъ а ду. Шен Сине пайхамарш иракарахӀуьттуьйтучу Везачу Дала Шен малик дахийтира кестта хила деза хӀуманаш Шен ялхошна гайта».

Ver Capítulo Copiar




Довзийтинарг 22:6
26 Referencias Cruzadas  

ПирӀунна гӀан шозза гаран маьӀна ду Делан сацам хилла чекхбалар а, Цо иза кестта кхочушбийриг хилар а.


ТӀаккха Набухди-Нецара элира: «Хастам бу Шадракан а, Мешакан а, Ӏабди-Нагин а Далла, царна Шен малик даийтина волчу. Шех тешна, паччахьан омра кхочуш а ца дина, шайн Дела воцург лара а ца лерина, шайн Дела воцчунна цхьана а кхечу далла Ӏибадат а ца дина, шайн догӀмаш цӀерга тесна болу хӀорш кӀелхьарбаьхна Цо.


Сан Дала Шен малик даийтина. Цу малико лоьмийн батош дӀакъевлина. Со Далла хьалха цӀена волу дела, лоьмаша цхьа а тайпана зен-зулам ца дина суна. Ткъа хьуна хьалха а, паччахь, аса цхьа а тайпана зулам ца дина».


Адамийн КӀанта Шен маликаш дохуьйтур ду, къинош летош, зулам лелош берш Шен Олаллера, схьа а къастийна,


Ша гуттар хьалха Шен безачу пайхамаршкахула ма-баххара.


Товрат-хьехамаш а, пайхамарша яздинарг а Яхьъя-пайхамар гучуваллалц лелла, ткъа цу хенахь дуьйна Делан Олаллех лаьцна болу хаза кхаъ а кхайкхош бу. Массо а чӀогӀа Делан Олалла тӀелаьцначарна юкъахь хила лууш а ву.


Кипа меттавеача, цо элира: «ХӀинца билггала хаьа суна, Дала, Шен малик а даийтина, ХӀародан куьйгех а, жуьгташна луучу таӀзарх а со кӀелхьарваьккхинийла».


Амма Дала иштта кхочушдира, Шен массо а пайхамарехула хаийтина долу, Ша леррина Къобалвинарг баланийн хӀордах чекхваккхар.


Дала и хаза кхаъ пайхамаршкахула Шен дезачу Йозанашкахь боуьйтур бу аьлла дара.


Пайхамаршна чуьра синош цу пайхамаршна муьтӀахь хуьлу.


Динан вежарий! Аса хӀара боху шуьга: хан кӀезиг йисна, цундела хӀинца дуьйна зударий балийнарш а, шайн зударий боцуш санна хила беза.


ткъа баланаш ловш долчу шуна тхоьца цхьаьна синтем хир бу. Иза хир ду Веза Эла волу Ӏийса Шен нуьцкъалчу маликашца а, йогучу цӀарца а стигалшкара гучуволучу хенахь.


Нагахь вайна таӀзар деш болу дуьнен чуьра дай вай лоруш хилча, синойн Дена кхин а чӀогӀа муьтӀахь хила ца деза вай, дахар хилийтархьама?


ХӀунда аьлча цкъа а Делера болу хаам адаман лаамца беш ца хилла, амма наха, Делан Са шайна чохь а лелош, Делера долу дешнаш дуьйцура.


Дагахь латтаде шайна хьалха безачу пайхамарша аьлла дешнаш а, КӀелхьардохург волчу Везачу Эло шуна даийтинчу Шен векалшкахула шайна тӀедиллинарг а.


Шен ялхошна кестта хила дезарг довзийтархьама, Ша леррина къобалвинчу Ӏийсагахула гучуяьккхира Дала и къайле. Цо иза Шен ялхо волчу Яхьъяга дӀахаийтира, цунна тӀе Шен малик а дахийтина.


Яккхийелаш шу, стигалш! Даккхийделаш шу, Делан долахь дерш а, векалш а, пайхамарш а! ХӀунда аьлча Дала кхел йина цунна, цо шуна мел дина вон бахьанехь.


Малико соьга элира: «ДӀаязде: „Декъала бу Ӏахаро зуда ялорна дӀахӀоттийначу тойне кхайкхинарш“». Кхин а цо элира: «ХӀорш билггал бакъдолу Делан дешнаш ду».


Ӏаршана тӀе хиъна Волчо элира: «ХӀинца Ас массо а хӀума керла кхуллур ду». ТӀаккха Цо элира: «ДӀаязде иза, хӀунда аьлча хӀара дешнаш тешаме а, билггал бакъ а ду».


ТӀаккха тӀаьхьарчу заманан баланех дуьзна долу ворхӀ бога шайн карахь долчу маликех цхьаъ суна тӀедеара. Цо соьга элира: «Схьавола, Ӏахаро далон долу нускал гойтур ду ас хьуна».


ТӀаккха малико суна гайтира шена чохь дахаран хи долу шовда. ЦӀеначу ангалих тера цӀена хи дара иза. Делан а, Ӏахаран а Ӏаршера схьадолура и шовда.


«Аса, Ӏийсас, Сайн малик дахийтина динан тобанашкахь долчу шуьга оцу хӀуманех лаьцна хаам байта. Со ву Даудан Орам а, ТӀаьхье а, Ӏуьйренан сирла Седа а».


«Хаалаш, Со кестта вогӀур ву. Декъала ву кху тептар тӀехь дӀаяздина долу Делера болчу хааман дешнаш лардеш верг!»


Цул тӀаьхьа со хьалахьаьжира. Стигалахь дӀаеллаелла неӀ гира суна. Хьалха а хезна долу, турбана чуьра арадолуш санна долу, аз хезира суна. Цу озо соьга бохура: «Хьалавала кхуза, кхул тӀаьхьа хила дезарг гойтур ду Ас хьуна».


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios