Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Довзийтинарг 22:4 - Делан Йозанаш

4 Цигахь Делан юьхь а гур ю царна. Цуьнан цӀе а хир ю церан хьаьжнашна тӀехь.

Ver Capítulo Copiar




Довзийтинарг 22:4
18 Referencias Cruzadas  

Цо Деле доӀа дийр ду, ткъа Дела цунна тамехь хир ву. Деле Ӏибадат а деш, цо воккхаверца мохь хьокхур бу. Дала цуьнан нийса хьал юхаметтахӀоттор ду.


Шен пхерчий а кхиссина, Цо мостагӀий дӀасалаьхкира. ЧӀогӀа ткъес а тоьхна, Цо уьш дӀа ма бовдийтира.


Везачу Элана лерина нийса сагӀанаш цӀеначу даггара дахалаш, Цунах тешна хилалаш.


Дела, Хьо ю сан чӀагӀо. Со дӀа хӀунда теси те Ахьа? Сан мостагӀчо суна гӀело а йина, гӀайгӀане хӀунда лела те со?


Хьан бӀаьргашна паччахь гур ву шен хазаллехь, гена кхочуш долу латта а гур ду.


ЧӀогӀа заза доккхуш хуьлийла и аре, йоккха а еш, самукъане иза кхойкхийла. Ливанунан сийлалла цунна дӀалур ду, Кармал-ломан а, Шарон-аренан а исбаьхьалла цунна лур ю. Везачу Элан сийлалла гуш хир ю, вайн Делан исбаьхьалла гур ю.


Везачу Элан сийлалла гучуяьккхина хир ю, ткъа дерриге а адамашна иза гур ю, хӀунда аьлча Везачу Эло Ша аьлла иза».


Соьга Везачу Элан дош кхечира:


Декъалбина бу цӀена дог дерш – царна Дела гур ву.


Милла а Суна гӀуллакх деш верг Суна тӀаьхьахӀуттийла. Иза Со волччохь Сан ялхо а хир ву. Милла а Суна гӀуллакх деш верг Сан Дас лорур а ву».


Дада! И Ахь Суна белларш Со волчохь Соьца хила лаьара Суна. Царна а ган лаьа Суна Ахь делла долу сийлалла, хӀунда аьлча Хьуна Со дуьне кхоллале дуьйна а везнера.


Цкъа хӀинца-м вайна дерриге а гӀийла гойтуш долчу куьзганехула санна го. Ткъа цу хенахь юьхь-дуьхьал гур ду вайна. Цкъа хӀинца-м сан кхетам кхоччуш бац, ткъа цу хенахь сан кхоччуш довзар хир ду, со Далла вевзаш ма-хиллара.


Массо а адамца машаре хила, ткъа Далла гергахь цӀена хила хьовса. ЦӀеналла ца хилча, цхьанна а Веза Эла гур вац.


Со дӀахьаьжча, суна Цийон-лам тӀехь лаьтташ болу и Ӏахар гира. Цуьнца цхьаьна лаьтташ цхьа бӀе шовзткъе виъ эзар стаг вара. Церан хьаьжнашна тӀехь Цуьнан цӀе а, Цуьнан Ден цӀе а дӀаязйина яра.


Толам баьккхинарш Сан Делан цӀа чохь бӀогӀам хилла дӀахӀуьттур бу, цу чуьра кхин ара а бевр бац. Царна тӀехь Сайн Делан цӀе а язйийр ю Ас, Сайн Делан гӀалин цӀе а язйийр ю. Иза Сан Делера стигалара охьайогӀуш йолчу Ярушалайм-гӀалин цӀе хир ю. Сайн керла цӀе а язйийр ю Ас царна тӀехь.


«Вайн Далла гӀуллакх деш болчеран хьаьжнаш тӀе мухӀар тоххалц, зулам ма делаш я лаьттана, я хӀордашна, я дитташна».


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios