Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Довзийтинарг 22:3 - Делан Йозанаш

3 Шайна неӀалт кхайкхийнчарах кхин хӀумма а хир дац цигахь. Эццахь Делан а, Ӏахаран а Ӏарш хир ду, ткъа Цуьнан ялхой а хир бу Цунна Ӏамал еш.

Ver Capítulo Copiar




Довзийтинарг 22:3
20 Referencias Cruzadas  

Уьш суна тӀе а гӀоьртина, хӀинца суна го а бина цара, шайн бӀаьргаш суна тӀе хьажийна цара, со лаьтта охьатаӀо гӀерта уьш.


Шен пхерчий а кхиссина, Цо мостагӀий дӀасалаьхкира. ЧӀогӀа ткъес а тоьхна, Цо уьш дӀа ма бовдийтира.


Мохь хьоькхуш доккхаде, Цийонан халкъ, хӀунда аьлча Исраилан Везаниг хьуна юкъахь сийлахь ву».


Ахь мах баларца паргӀатбаьхнарш юхабоьрзур бу. Эшаршца Цийон-лам тӀе богӀур бу уьш, гуттар а долу хазахетар хир ду церан кортош тӀехула. Хазахетар а, самукъадалар а карор ду царна, сингаттам а, даккхий синош дахар а дӀадевр ду.


Царна юкъахь хир ю Сан хӀусам. Со церан Дела хир ву, ткъа царах Сан халкъ хир ду.


ГӀалина гонах йолу меттиг йохалла юьстича, ерриг а берхӀитта эзар дол хир ю. Ткъа оцу дийнахь дуьйна цу гӀалин цӀе, „Цигахь Веза Эла ву“ аьлла, хир ю».


Нах цигахь кхерам боцуш бехар бу, иза хӀаллакйо кхоллам кхин кхочур бац Ярушалайм-гӀалина.


Эло цуьнга элира: „Хьо дика, тешаме ялхо ву. Дика гӀуллакх дина ахьа аса хьайгахь дитинчу кӀеззиг долчу ахчанах. ХӀинца аса хьуна кхин а доккха гӀуллакх тӀедожор ду. Чувола, соьца цхьаьна самукъадаккха“.


ТӀаккха Шена аьрру агӀор болчаьрга эр ду: „Гена довла Суна, Делан неӀалт хилларш! Иблисаний, цуьнан харцмаликашний кечйинчу жоьжахатин цӀера юккъехь ю шун меттиг.


Милла а Суна гӀуллакх деш верг Суна тӀаьхьахӀуттийла. Иза Со волччохь Сан ялхо а хир ву. Милла а Суна гӀуллакх деш верг Сан Дас лорур а ву».


Нагахь Делан сийлалла Цуьнгахула гучуяьккхича, тӀаккха Дала а Шегахула Адамийн КӀентан сийлалла гучуйоккху. Кестта Дала Цуьнан сийлалла гучуйоккхур ю.


Аса, ваха а вахана, шуна меттиг кечйина яьлча, тӀаккха юха а веана, Со волчу дӀадуьгур ду шу, шу а Со волччохь хилийтархьама.


Дада! И Ахь Суна белларш Со волчохь Соьца хила лаьара Суна. Царна а ган лаьа Суна Ахь делла долу сийлалла, хӀунда аьлча Хьуна Со дуьне кхоллале дуьйна а везнера.


„НеӀалт хуьлда хӀоранна а, хӀокху товрат-хьехамийн дешнаш кхочуш а ца деш, уьш чӀагӀ ца дечунна!“ Дерриге а халкъо эр ду: „Амин!“»


Цара айдинчу озаца бохура: «КӀелхьардовлар ду Ӏаршана тӀе хиъна Ӏаш волчу Делера а, Ӏахарера а!»


Цул тӀаьхьа со дӀахьаьжча, лаьтташ йолу адамийн йоккха тоба гира суна. Адамаш цхьаьнгге а дагар ца даллал дукха дара. Массо а халкъех, тукхамех, къаьмнех, меттанех схьадевллачу адамийн и тоба яра Делан Ӏаршана хьалха а, Ӏахарна хьалха а лаьтташ. Царна тӀехь кӀайн обанаш а яра, церан карахь хурманийн диттийн гаьннаш а дара.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios