Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Довзийтинарг 22:2 - Делан Йозанаш

2 Иза гӀалин коьртачу урамна юккъехула чекхдолура. Оцу чекхдолучу хин шинна а агӀор лаьтташ дара дахаран дитташ. Цара цхьана шарахь шуьйттазза стом ло – хӀора баттахь цкъа а луш. Ткъа дитташ тӀера гӀаш халкъашна дарбана делла.

Ver Capítulo Copiar




Довзийтинарг 22:2
20 Referencias Cruzadas  

Цу лаьтта тӀехь Везачу Дала кхолладалийтира массо а тайпана дитташ, тӀехьаьжча хаза а, тамехь а долуш, царна тӀера стоьмаш даа пайден а долуш. Бешана юккъехь дара дахаран дитт а, дика а, вон а довзуьйту дитт а.


Хьан дозанашкахь машар а латтабо, уггар тоьллачу кӀенаца хьо Ӏаба а йо Цо.


Иза дахаран дитт санна ду цунна тӀекхиа лууш болчарна. Цуьнан дола деш верг декъала хир ву.


Оцу нехан дегнаш чӀагӀде, лергаш къорде, бӀаьргаш дӀакъовла, церан бӀаьргашна са ца гайта а, лергашна ца хазийта а, дегнаш тӀаьхьа ца кхиийта а. Цара иза динехьара, уьш Суна тӀе а боьрзур бара, царна дарба а дийр дара».


Дарба дехьа суна, Веза Эла, тӀаккха со толур вара. КӀелхьарваккхахьа со, Веза Эла, со кӀелхьарвер вара. Хьо ву аса хастамаш беш Верг.


Цул тӀаьхьа цо со Делан цӀенна чуволийла йолчу улло юхавалийра. Цигахь суна гира неӀсагӀина бухара арадолу хи. Иза малхбалехьа дӀадоьдуш дара, хӀунда аьлча Делан цӀа малхбалехьа дӀадирзина лаьтташ дара, ткъа хи цуьнан аьтту агӀор йолчу агӀонна кӀелара арадолуш дара, сагӀа доккхучу кхерчан къилбехьа йолчу агӀонгара.


Ашур-махке тхо кӀелхьардахалур дац. ТӀеман динна тӀе тхо кхин ховшур дац. Тхан куьйгаша йинчу хӀуманех оха кхин эр дац „тхан деланаш“, хӀунда аьлча байлахь болчаьрга къинхетам Хьоьгахь бен бац».


И де тӀекхаьчча, Ярушалаймера дийна хиш оьхур ду, царах ах хиш Дуьрачу хӀордехьа, ткъа дисина ах Дуьненаюккъера хӀордехьа. Иштта хир ду аьхка а, Ӏай а.


Ткъа Соьга ларамах дуьзна долчу шуна тӀехула нийсо тӀейоуьйту малх гӀоттур бу, цуьнан зӀаьнаршкахь дарба хир ду. Шу, божала чуьра арахецна долу эсий санна, кхиссалур ду.


«Везачу Элан Са дагца ду сан, хӀунда аьлча Цо со къобалвина мискачарна хаза кхаъ кхайкхо. Цо со хаам бан ваийтина: чубоьхкинарш паргӀат а бохур бу, бӀаьрзечарна серло а лур ю. Со ваийтина ву Ӏазапехь берш мукъабаха,


Шен дегӀаца вайн къинош жӀара тӀе даьхьна Цо, вай къинойх къаьстина, цӀена дахийтархьама. Цуьнан чевнаш бахьана долуш дарба хилла шуна.


Лергаш долчо ладугӀийла Делан Сино динан тобанашка бохучуьнга: ‘Тоьллачунна бакъо лур ю Ас Делан ялсаманина юккъехь лаьтташ долчу дахаран дитта тӀера стом баа’“».


ГӀалин шийтта ков шийтта жовхӀар дара. ХӀора ков цхьацца жовхӀарх дина дара. ГӀалин коьртачу урамера некъ цӀеначу деших бинера. Урамаш чекх са гуш долчу ангалих тера дара.


Цу серлонгахь дуьненан халкъаш а лелар ду, дуьненарчу паччахьаша а шайн хьал дахьар ду цу гӀали чу.


ТӀаккха малико суна гайтира шена чохь дахаран хи долу шовда. ЦӀеначу ангалих тера цӀена хи дара иза. Делан а, Ӏахаран а Ӏаршера схьадолура и шовда.


Декъала бу шайн духарш цӀандинарш. Цундела церан бакъо хир ю, кевнехула чекх а бевлла, гӀалин чу бовла а, дахаран диттана тӀера стом баа а.


Нагахь кху тептар тӀехь дӀаяздина долчу Делера болчу хаамийн дешнех цхьа хӀума тӀера дӀадаккхахь, Дала кху тептар тӀехь дийцина долчу дахаран диттехь а, иштта йийцинчу езачу гӀалина чохь а дакъалацар дӀадоккхур ду цуьнан».


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios