Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Довзийтинарг 22:12 - Делан Йозанаш

12 Ӏийсас боху: «Со кестта вогӀур ву. Сан ял а Соьца ю, хӀоранна а, ша динчу гӀуллакхашка хьаьжжина, хьакъ дерг дӀадалархьама.

Ver Capítulo Copiar




Довзийтинарг 22:12
19 Referencias Cruzadas  

Цо стагана цуьнан гӀуллакхашка хьаьжжина ло доггӀург, хӀоранна а леларна хьакъ дерг дӀало Цо.


Нуьцкъала а ду Везачу Элан аз, сийлахь а ду Везачу Элан аз.


Хьажал, Хьалдолу Эла ницкъаца вогӀуш ву, Цуьнан куьг ду урхалла деш. Цуьнан совгӀат а Цуьнца ду, Цуьнан ял а Цунна хьалха йогӀуш ю.


Везачу Эло кхайкхадо дуьненан йистошка кхаччалц: «ДӀаала Цийонан йоӀе: „Хьажал, хьо КӀелхьарйоккхург ву вогӀуш! Хьажал, хьо КӀелхьарйоккхург ву вогӀуш! Цуьнан совгӀат а Цуьнца ду, Цуьнан ял а Цунна хьалха йогӀуш ю“».


Амма Веза Эла волу Со цуьнан даг чохь дерг хаа йиш йолуш ву, цуьнан тешар зен йиш йолуш а ву, цу нахана царна доггӀург дӀадалархьама».


Гергга ду Везачу Элан сийлахь-доккха де. Гергга а ду, чӀогӀа сихделла а догӀу. ЛадогӀал! Везачу Элан де ма къаьхьа белхар ду! Уггар майрачу тӀемалочо а цӀогӀа детташ ду!


Адамийн КӀант шен Ден сийлаллица, гонах маликаш а долуш, схьавеача, Цо стагана хьакъ дӀалур ду, хӀораммо а динчуьнга хьаьжжина.


Иштта, Далла хьалха вайх хӀораммо а ша-шех жоп лур ду.


Нагахь санна цхьаммо дина долу гӀуллакхаш, цӀеро талха а ца деш, шен меттахь латтахь, цунна совгӀат хир ду.


ХӀу дӀадуьйш волчун а, цунна хи тухуш волчун а цхьатерра Ӏалашо ю. ХӀоранна а, динчу гӀуллакхе хьаьжжина, цунна доггӀург дӀалур ду.


Къаьмнаш дарделла дӀахӀиттира, амма хӀинца Хьан оьгӀазло а тӀееана, Ахь беллачарна тӀехь кхел ен хан а тӀекхаьчна. Ахьа Хьайн ялхой болчу пайхамаршна а, Хьан долахь болчарна а, Хьо лоруш болчарна а, лараме боцучарна а, цӀеяхана болчарна а хьакъ дерг дӀало хан а тӀееана. Латта хӀаллакдеш берш хӀаллакбо хан а тӀееана!»


Цуьнан бераш а хӀаллакдийр ду Ас. ТӀаккха кхетар бу динан массо а тобанашкахь берш, шайн дегнаш а, ойланаш а зуьйш верг Со хиларх. Шуна хӀоранна а, шун гӀуллакхашка хьаьжжина, хьакъ дерг дӀалур ду Ас.


ТӀаккха суна гира лараме боцу а, цӀеяхана хилла болу а белларш. Уьш Ӏаршана хьалха лаьтташ бара. Масех тептар схьадиллира. ТӀаккха кхин а цхьа тептар схьадиллира – иза дахаран тептар дара. Цу тептаршна тӀе дӀаяздина долчу адамийн гӀуллакхашка хьаьжжина, кхел йора оцу беллачарна.


Кху дерригенах а тоьшалла деш Волчо боху: «И бакъ ду, Со кестта вогӀур ву». Амин. Волахьа, Веза Эла волу Ӏийса!


«Хаалаш, Со кестта вогӀур ву. Декъала ву кху тептар тӀехь дӀаяздина долу Делера болчу хааман дешнаш лардеш верг!»


Кестта вогӀур ву Со. Шайн долуш дерг ларделаш, цхьаьнгге а шайгара толам баккхаран таж дӀа ца даккхийта.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios