Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Довзийтинарг 21:9 - Делан Йозанаш

9 ТӀаккха тӀаьхьарчу заманан баланех дуьзна долу ворхӀ бога шайн карахь долчу маликех цхьаъ суна тӀедеара. Цо соьга элира: «Схьавола, Ӏахаро далон долу нускал гойтур ду ас хьуна».

Ver Capítulo Copiar




Довзийтинарг 21:9
10 Referencias Cruzadas  

Шен ялхошна кестта хила дезарг довзийтархьама, Ша леррина къобалвинчу Ӏийсагахула гучуяьккхира Дала и къайле. Цо иза Шен ялхо волчу Яхьъяга дӀахаийтира, цунна тӀе Шен малик а дахийтина.


ТӀаккха шайн карахь ворхӀ бога долчу ворхӀ маликах цхьаъ суна тӀедеара. Цо соьга элира: «ТӀехилал! Ас хьуна гойтур ду, дуккха а долчу хишна тӀе а хиъна, чӀогӀа сийсаза лелаш йолчунна дийр долу таӀзар.


Даккхийдерца, самукъадаьлла хир ду вай. Далла хастамаш беш, Цуьнан сийлалла ойур ю вай. ХӀунда аьлча Ӏахаро зуда яло хан тӀекхаьчна, ткъа Цо ялош ерг кечъелла.


ТӀаккха пенийн лакхалла а юьстира малико. Адамаша бустучу барамехь юстура малико. Пенаш цхьа бӀе шовзткъе диъ дол лекха дара.


ТӀаккха суна гира Делан гӀала. Шен майрачунна кечдина долу нускалх тера йолу, Дела волчуьра стигалара охьайогӀу керла Ярушалайм-гӀала яра иза.


ТӀаккха малико суна гайтира шена чохь дахаран хи долу шовда. ЦӀеначу ангалих тера цӀена хи дара иза. Делан а, Ӏахаран а Ӏаршера схьадолура и шовда.


Делан Сино а, нускало а доьху: «Схьаволахь!» – бохуш. И хезаш волчо а олийла: «Схьаволахь!» Ша хьогах верг а схьавогӀийла! Мала лууш волчо маьхза схьаоьцийла дахаран хи.


Малико соьга элира: «ХӀара дешнаш тешаме а, билггал бакъ а ду. Шен Сине пайхамарш иракарахӀуьттуьйтучу Везачу Дала Шен малик дахийтира кестта хила деза хӀуманаш Шен ялхошна гайта».


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios