6 Кхин а Цо соьга элира: «Со ву массо а хӀума Долийнарг а, чекхдоккхун Верг а, церан Хьалхе а, Чаккхе а. Хьогах волчунна Ас бакъо лур ю дахаран хи долчу шовдан чуьра маьхза хи мала.
ХӀунда аьлча зулам долуьйтурш хӀаллакбийр бу, ткъа Везачу Эле сатийсар долчарна тӀаьхьалонна латта кхочур ду.
КӀелхьардовларан хьостана чуьра хи оьцур ду аша самукъадаларца».
«Сан къомера ши зулам даьлла: дийна хи чохь долу шовда санна волу Со а витина, цара шайна чохь хи соцуш йоцу йохийна гӀунаш яьхна».
Ашур-махке тхо кӀелхьардахалур дац. ТӀеман динна тӀе тхо кхин ховшур дац. Тхан куьйгаша йинчу хӀуманех оха кхин эр дац „тхан деланаш“, хӀунда аьлча байлахь болчаьрга къинхетам Хьоьгахь бен бац».
«Цу дийнахь иштта хир ду: лаьмнаша чагӀар охьаӀенор ду, баьрзнашкара шуьреш охьаоьхур ю, ЯхӀуд-мехкан татолаш а хих дузур ду. Везачу Элан цӀа чуьра шовда охьадогӀур ду, ткъа цо Шитим-тогӀина хи мийлор ду.
Ӏийсас иштта жоп делира цуьнга: «Дала дина дика а хьайна довзахьара, хьайга хи доьхург мила ву а хаьахьара, ахь-айхьа доьхур дара Цуьнга хи. Ткъа Цо хьуна „дийна долу хи“ лур дара».
ТӀаккха цу зудчо элира: «Эла, Хьан и хи схьаэца пхьегӀа а ма яц, ткъа хӀара гӀу кӀорга а ма ю. Мичара ду Хьоьгахь „дийна хи“?
ткъа Аса шена лун долу хи мелча, иза цкъа а хьаглур вац. Амма Ас лур долу хи стагана чохь, Дела волчохь хедар доцучу дахаре доьдучу хин хьоста а хилла, дӀахӀуттур ду».
Шен диканца уьш массо а Дала Шена хьалха маьхза бакъбо, Цо леррина къобалвинчу Ӏийсас нах къинойн олаллех паргӀатбахар бахьана долуш.
Шен КӀант ца кхоош, вайн дуьхьа баланаш хьега Иза ДӀавеллачо, шеко яц, Шен КӀантаца цхьаьна кхин а дисина дерг а вайна совгӀатна лург хиларх!
Вай тӀеэцнарг кху дуьненахь болчийн кхетамехь долу са дац, ткъа Делера схьадолу Са ду, Дала Шегара делларг вайна довзийтархьама.
Оцу бух тӀехь деших, я детих, я дезачу тӀулгех, я дечигах, я алах, я чех цхьаъ гӀишло еш хила тарло.
Цундела цхьаммо а ша цхьана адаман долахь хиларх дозалла дан ца деза, хӀунда аьлча массо а хӀума шун долахь ду,
Ткъа мила ву Апа-Леса? Я мила ву ПахӀал? Тхайгахула шу тешаре далийна долу ялхой бен дац тхо. Везачу Эло тхаьшна хӀоранна тӀедиллина доллучул гӀуллакх кхочушдина оха.
Цо бохура: «Хьайна гушдерг тептар тӀе дӀа а яздай, динан ворхӀе а тобанийн гуламашка дӀадахьийта. И тобанаш ю хӀокху гӀаланашкахь: Эпасехь, Симранехь, Паргамехь, Тхьайтирехь, Сардисехь, Палидалпехь, Лаудикехь».
Сайна и гича, велча санна, Цуьнан когашка вуьйжира со. Ткъа Цо, суна тӀе аьтту куьг а диллина, соьга элира: «Ма кхера. Со ву Хьалхарниг а, ТӀаьххьарниг а.
«Со ву массо а хӀума Долийнарг а, чекхдоккху Верг а, – боху Везачу Дала. – Со ву волуш волу а, хилла волу а, вогӀун волу а Нуьцкъалниг».
стигал а, латта а, хӀорд а, царна чохь мел долу хӀума а кхоьллина волчу, ерриг а тӀейогӀучу заманна волуш Волчун цӀарах чӀагӀо йира: «Дала кхин лур яц шуна хан.
ВорхӀалгӀачу малико шен боганна чуьрниг хӀаваэ охьадоьттира. ТӀаккха стигалшкарчу Делан цӀа чуьра Ӏаршана тӀера чӀогӀа аз хезира. Цо элира: «Кхочушхили!»
Со ву массо а хӀума Долийнарг а, чекхдоккхун Верг а, церан Хьалхе а, Чаккхе а, Дуьххьарлераниг а, ТӀаьххьарлераниг а».
Делан Сино а, нускало а доьху: «Схьаволахь!» – бохуш. И хезаш волчо а олийла: «Схьаволахь!» Ша хьогах верг а схьавогӀийла! Мала лууш волчо маьхза схьаоьцийла дахаран хи.
«Лаудика-гӀаларчу динан тобанан малике а дӀаязде: Иштта боху Ша Амин волчу, Дала кхоьллина долчун Хьоста Ша волчу, тешам а болуш, билггал бакъволчу Тешо:
ХӀунда аьлча и Ӏарш лаьттачу меттигна юккъехь болчу Ӏахаро бажор бу уьш. Цо уьш дийна хи долчу шовданашка буьгур бу. Дала Ша дӀадохур ду церан бӀаьрхиш».