Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Довзийтинарг 21:4 - Делан Йозанаш

4 Дала церан хӀора бӀаьрхи а дӀадоккхур ду. ХӀинца дуьйна кхин валар, я белхар, я тийжар, я лазар хир дац, хӀунда аьлча хьалхалера хӀуманаш дӀадевлла».

Ver Capítulo Copiar




Довзийтинарг 21:4
26 Referencias Cruzadas  

Г уттар а тӀаьхьено тӀаьхьенна Хьан гӀуллакхаш а хестор ду, цара Хьан ницкъах лаьцна а дуьйцур ду.


Ӏожалла гуттаренна а дӀакхоллур ю Цо. Хьалдолчу Эло массеран а яххьаш тӀера бӀаьрхиш дӀадохур ду. Дерриге а дуьнен тӀехь Шен халкъ емалдар дӀадоккхур ду Цо. Иштта боху Везачу Эло.


Ярушалаймехь Цийон-лам тӀехь Ӏаш долу халкъ, хьо кхин доьлхур дац. Ахь орца даьккхича, Везачу Эло хьуна диканиг дийр ду. Ахь гӀо доьхуш Шена хезча, Цо хьуна жоп лур ду.


Везачу Эло кӀелхьарбаьхнарш юхабоьрзур бу, хазахетарца кхойкхуш Цийон-гӀалина чу гӀур бу. Гуттаренна а долу ирс церан кортош тӀехь хир ду. Самукъадалар а, хазахетар а царна тӀаьхьакхуьур ду, сингаттам а, узарш а царах дӀакъаьстар ду.


Ахь мах баларца паргӀатбаьхнарш юхабоьрзур бу. Эшаршца Цийон-лам тӀе богӀур бу уьш, гуттар а долу хазахетар хир ду церан кортош тӀехула. Хазахетар а, самукъадалар а карор ду царна, сингаттам а, даккхий синош дахар а дӀадевр ду.


Хьан малх цкъа а дӀабузур бац, бутт кхин къайла а бер бац, хӀунда аьлча Веза Эла хир ву хьуна гуттар а серло луш. Хьан баланийн денош чекхдевр ду.


Цийонехь гӀайгӀа ечарна хазахетар тилла – чиман метта, царна таж лур ду, белхаран метта, самукъадалар лур ду, эшначу синан метта – хастаман духар. Царах эр ду нийсонан нежнаш, Шен исбаьхьалла дӀагайтархьама, Везачу Эло доьгӀна долу.


Цийон-лам тӀе а деана, Исраилан халкъ доккхадеш лелар ду, ирсах дуьзна хир ду церан юьхьсибат, Везачу Эло мел деллачунна: кӀа, керла чагӀар, зайтдаьтта, жена а, бежана а юкъара кӀорнеш. Хих тоам хилла йолу беш санна хир бу уьш, ткъа церан дог кхин доьхна хир дац.


«Оцу хенахь зудабераш халхадевр ду, къонахой а, баккхийнаш а самукъане хир бу. Церан гӀайгӀанех Аса сакъерар дийр ду. Сингаттаман метта Аса царна синтем а, ирс а лур ду.


Эхартан карара Аса уьш паргӀатбохур буй те? Ӏожаллех Аса уьш кӀелхьарбохур буй те? Ӏожалла, мичахь ду хьан уьнаш? Эхарт, мичахь бу хьан бохам? Айса динчунна Со дохковер вац!


Стигаллий, латтий къайладаьлча а, Сан дешнаш довр дац».


Ткъа валар уггаре а тӀаьххьара мостагӀа санна хӀаллакдийр ду.


Кху дуьненах дика схьаоьцурш, шу а иза совдерг доцуш санна, даха ца деза, хӀунда аьлча тахана долуш долу дуьне дӀадолуш ду.


Иштта, Дала леррина Къобалвинчуьнца верг – юхакхоьллинарг ву. Шира дахар дӀадаьлла, хӀинца керланиг хилла дӀахӀоьттина!


Цундела Везачу Эло боху: «Царна юкъара дӀа а довлий, царах дӀакъасталаш. Суна хьалха боьха долчу хӀуманах ма хьакхалойша, тӀаккха Аса тӀеоьцур ду шу».


«Кхин цкъа а» бохучу дешнаша гойту дегалуш дерг (и ду кхоьллинарг) дӀадаккхар, ца дегалуш дерг дисийтархьама.


Нахана ца хууш вогӀу къу санна, догӀур ду Везачу Элан де, тӀаккха гӀовгӀанца стигалш къайлаевр ю, стигалахь мел хуьлуш дерг, серла а даьлла, догур ду, латта а, дерриг а цу тӀехь дерг а, даьгна, дӀадер ду.


Дуьне а, дуьненан лаамаш а дӀабевр бу, ткъа Делан лаам кхочушбеш мел волчун хедар доцу дахар ду.


ХӀордо а схьабелира шена чохь болу белларш. Шайна чохь болу белларш схьабелира Ӏожалло а, эхарто а. Царна хӀоранна а, шайн-шайн гӀуллакхашка хьаьжжина, кхел йира.


Ӏожалла а, эхарт а цӀе яьлла богучу Ӏам чу тесира. (И Ӏам шозлагӀа валар ду.)


Керла стигал а, керла латта а гира суна, хӀунда аьлча хьалха хилла йолу стигал а, латта а хӀинца дӀадаьллера. ХӀорд а кхин бацара.


Шайна неӀалт кхайкхийнчарах кхин хӀумма а хир дац цигахь. Эццахь Делан а, Ӏахаран а Ӏарш хир ду, ткъа Цуьнан ялхой а хир бу Цунна Ӏамал еш.


ХӀунда аьлча и Ӏарш лаьттачу меттигна юккъехь болчу Ӏахаро бажор бу уьш. Цо уьш дийна хи долчу шовданашка буьгур бу. Дала Ша дӀадохур ду церан бӀаьрхиш».


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios