Довзийтинарг 21:3 - Делан Йозанаш3 Стигаларчу Ӏаршара айдина долу аз хезира суна. Цо бохура: «ХӀинца Дела Ӏаш волу меттиг адамашна юкъахь ю! Дела цаьрца Ӏийр ву, ткъа царах Цуьнан халкъ хир ду. Церан Дела Ша и адамаш долчохь Ӏийр ву. Ver Capítulo |
Оцу озо соьга элира: «Адаман кӀант! ХӀара меттиг Сан Ӏаршан меттиг а, иштта Сан когийн кӀело лаьтта меттиг а ю. Со Сайн Исраилан халкъана юкъахь массо а ханна вехар волу меттиг ю хӀара. Исраилан халкъо – я наха а, я церан паччахьаша а – кхин цкъа а Сан еза цӀе бехйийр яц, Суна тешаме а доцуш, кхечу деланашна Ӏамал ярца а, шайн сагӀа доккхучу гунашна тӀехь шайн паччахьийн декъий дӀадохкарца а.
ТӀаккха стигалахь чӀогӀа аз хезира суна. Цу озо бохура: «ХӀинца Дала вай кӀелхьардахар а, Цуьнан нуьцкъалалла а, паччахьалла а тӀекхаьчна. Цо леррина Къобалвинчун олалла а тӀедеана! ХӀунда аьлча, дийнаххьий, буьйсанний вайн Далла хьалха вайн динан вежарий бехке а ийзош, уьш бехкебийриг Лаьтта охьатесна.